ТIекхочийла долу линкаш

Британино хаам бина Оьрсийчуьрчу долахошка


Советан пачхьалкх лаьттинчу мехкашкара политикан а, бизнесан а элиташ ю Британехь деза цIенош эцна. Халкъан тергоне дохур ду уьш, кхайкхийначу Iалашонца а догIуш, дIахьедина Британин премьер-министро Кемерон Девида Стилагкъекъа-беттан 12 чохь.

Оцу инициативица а догIуш, Британехь цIенош эцна арахьарчу компанеша, нах декхаре хир бу йохк-эцаран къайле пачхьалкхан реестре дIакхачон - ахчанан цIаналла гуш хилийтархьама.

Къайла а буьйлуш, офшоран дозанаш чохь бизнес лелорш бевзаш хуьлуьйту некъ бу иза.

Бакъду, хууш дац цкъачунна и керла некъ муха лелор бу Iедало.

Делахь а, саготта хаало иштачу Лондонан инициативашца доьзна Оьрсийчуьра хьаькамаш а, бизнесхой а тIаьххьарчу шерашкахь.

Шувалов Игор.

Ву царлахь Оьрсийчоьнан куьйгаллехь Путин Владимир волчу заманчохь цуьнан премьер министран хьалхара гIовс хилла Шувалов Игор.

ХIетахь цо къайла ца хьош дIахаийтира, шен кхечу пачхьалкхашкахь бахамаш хилар.

Шен хьолах лаьцна деклараци Iораяккхарца, хаийтира Шуваловс, Австрера шен цIа а, Лондонера петар а ханна пайдаэцийта луш ю ша, аьлла.

Ткъа коррупцица къийсам латточу Навальный Алексейс дахначу шарахь Шувалов бехкевеш арахийцира цхьа артикл.

Навальныйс чIагIдора, Шуваловс хьуламбеш шен Лондонехь 18 миллион доллар мах болу петар хилар.

И хIусам ханна пайдаэцийта цхьана компанин долаерзийра цо, ткъа компанин долахой Шувалов Игор а, цуьнан хIусамнана а хилар а гучудоккху Навальный Алексейс.

АлиевгIар

Панама махкахь низамхоша а, финансийн говзанчаша а, журналисташа а Iорадаьхначу «Панаман тептаршкахь» гучудаьккхира, цхьана ханна кхоьллинчу дуьненан маьI-маьIIерчу фирманашкара офшорашка дIакхачо новкъадаьхна ахчанаш – 2 миллиард долларал а совъоьккхуш хилар.

Цул совнаха, царна юккъехь яра Азербайджанан президентан Алиев ИлхIаман ши йоI: Лайлаъ, Арзу.

Лондонан тоьллачу гIайренна тIехь 25 миллион мах болу цIа гучуделира, цхьана кехаташна тIехь бен йоцчу фирман цIартIехь.

Бух аьхкича, фирма а хиллера АлиевгIеран шайн долахь, бохуш чIагIдо «Панаман тептаршкахь».

Гурьев Андрей

7 шо ду Лондонерчу ВитанхIарст цIе лелаечу цIенна гонаха йохк-эцарца йоьзна къайле лела. Британин Виржини гIайрешна тIехь кехаташ чекхдаьхна йолчу Сафран Холдинго ийцира и цIа 72 сов миллион долларх.

Москох мэр Iийначу Лужковн зудчо Батурина Еленас эцна бохуш дуьйцура иза 2008-чу шарахь.

Путин Владимиран ду ВитанхIарст бохуш а делира.

Ткъа, стохка Нью Йоркерчу журнало гучудаьккхира оцу цIийнан да 12 шарахь Оьрсийчоьнан парламентехь Iийна миллиардер Гурьев Андрей вуйла.

Ткъа дуьйцу, Гурьев кехаташца ларалуш а вац цIийнан да, цо шена хьалха тесна ша ца вовзийта цхьа фирма, бохуш.

Якунин Андрей

Путинан гергахь лаьттачу аьчканекъан куьйгалхочун Якунин Владимиран кIентан Якунин Андрейн а ю Лондонехь 8 вуьжу чоь йолу гIап, шен мах 50 миллион доллар а болуш, хаамбира ши бутт хьалха Санди Таймо.

Лондонера вахархо ву Якунинан цIийнан долахо ларалуш кехаташца.

Термос Файнейшл Корпорейшн цIе ю цIийнан да волчу фирман. Ша а элира цо цкъа пачхьалкхан Думехь, шен цIа ду Лондонехь 14 миллион долларан меха, аьлла.

Ротенберг Роман

Ротенберг Романан да Борис а, деваша Аркадий а Ротенбергара дзюдоисташ, Путин Владимиран партнераш бара.

Навальный Алексейс а, коррупцина дуьхьал къийсам латточу жигархоша а Iорадьккхира 5 миллион гергга мах болу Лондонера Ротенберг Романан цIа.

И хIусам хилла Кипрерчу фирман цIартIехь латтош. Дахначу шарахь ша Ротенберг Романна дуьхьал Вашингтоно санкцеш кхайкхира.

XS
SM
MD
LG