ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларус а, Оьрсийчоь а духьал ю Цхьаьнатоьхначу Штатийн ракеташна дуьхьален система хIотторан планана.


Беларус -- Минск, Беларус. Стигалкъекъа-беттан 16-гIа де, 2016. Оьрсийчоьнан а, Беларусан а арарчу гIуллакхийн министраш пресс-конференци чекхъяьллачул тIаьхьа.
Беларус -- Минск, Беларус. Стигалкъекъа-беттан 16-гIа де, 2016. Оьрсийчоьнан а, Беларусан а арарчу гIуллакхийн министраш пресс-конференци чекхъяьллачул тIаьхьа.

Беларусан арарчу гIуллакхийн министра Уладзимер Макей дIахьедар дина Беларус а, Оьрсийчоь а чIогIа саготта ю Цхьаьнатоьхна Штаташа Малхбалерчу Европехь баллистикан ракеташна дуьхьалоечу Атлантикан альянсан турсашлахь объект хIоттон йолорна, аьлла.

Макейс и комменташ йира стигалкъекъачу 16-чу дийнахь шен Минскехь Оьрсийчоьнан арарчу гIуллакхийн министарца Лавров Сергейца цхьаьнакхетар чекхдаьллачул таьхьа. Лаврова Беларусан президентца Лукашенко Александрица а дIадаьхьара дийцарш. Макейа тIеьтуьхира Беларус а, Оьрсичоь а реза хилира Цхьаьнатоьхначу Штатийн турс Малхбалерчу Европехь дIахIотторан “дуьхьал барамаш” бийцаре бан, аьлла.

Оьрсийчоьно хадазза дIахьедо турсах бахьана а дина, НАТО шен дозана гергга ян Iалашо ю, бохуш. Вашингтоно турс дIахIотторан бахьана ГIажарийчоьнан кегийчу а, юккъерчу а геналлин ракеташна дуьхьалояр а, Европа царах ларъяр а ду боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG