ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий а, дагестанхой а дIалецна Москох кешнашана тIехула латтаран бахьанехь


Оьрсийчоь - цIий Iанош хилла леттарш Хаванское кешнашкахь, 14.05.2016

Оьрсийчоь - цIий Iанош хилла леттарш Хаванское кешнашкахь, 14.05.2016

Москохара «Хованское кешнашкахь» ши бIе сов стаг вовшахлетта шоьтадийнахь, ши стаг а леш, хаамбира Оьрсийчуьрчу зорбано, дIадаханчу шоьтадийнахь. Ткъа стигалкъекъа-беттан 16-чу дийнахь леттачеран терахь 500 стагана тIе кхача мега бохуш хаамбо ‘life’ хаамийн агенталло. И кешнаш къевсина, буй-т1аре долийнарш Къилбаседа кавказхой бара бохуш хуьийту Оьрсийчоьнан хаамийн г1ирсаша. Цул совнаха, нохчий а, дагестанхой а гIагI диллина духар а долуш, карахь герз долуш, баьхкина хилла кешнашка дуьйцу цу хаамйин агенталлаша. Хиллачу буй-тIарехь 3 стаг дIакхелкхина, 26 стагана чоьвнаш а йина, дарбанан цIийнехь ву бохуш хаамаш баржабо цара. Таханлерчу дийнахь, полицино леттачарех 90 стаг дIалецца. Царах дукхахберш Юккъерчу Азин бахархой бу, ткъа тахана билггал хууш ду царах 12 стаг Дагестанера а, Нохчийчуьра а хилар. Къилбаседа Кавказерчу бахархойна дуьхьал “стаг верна”, “бакъо йоцуш герз лелорна”, “шина я кхин алсам нехан могушаллина зе дарна” а артикалийн бухана тIехь бехктакхаман гIуллакхаш дIадолийна. Полицино Астраханерчу кIоштана вахархо Лечи Яхъяев а бехкево хиллачунна. Иза полицин лоьхучу нехан тептаршна юккъатоьхха полицино.

XS
SM
MD
LG