ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин куьйгалхочунна Навалный Алексеяна а, цуьнан накъосташна а йиттина гIалагIазкхиша


Немцован дагалоцуш йина демонстраци, Навалный Алексей

Немцован дагалоцуш йина демонстраци, Навалный Алексей

Оьрсийчоьнан оппозицин куьйгалхочунна Навалный Алексеяна а, цуьнан тобан юккъевогIучу пхиъ декъашхочунна а гIалагIазкхиша тIелатар а дина, йиттина къилберчу Оьрсийчоьнан гIаларчу аэропортехь. Навалнис дийцара Iаьржачу хIордан йистонца йолучу Анапехь масех гIалагIазкхичо шена а, шеца болчу коррупцина дуьхал фондан декъашхошна буйнаш а, мийраш а детташ, йиттина аьлла. Цо шен твиттерехь яздира йиттинчарна юкъахь зударий а бара аьлла. Цуьнан зорбан-секретар Ярмиш Кирас элира тIекхетале хьалха гIалагIазкхиша жигархошна тIе шура а йоьттина, “дIагIо тхан махкара”, аьлла маьхьарш а диттира.

Ала догIу, Навалный а, цуьнан накъостий Анапе бахнера шайн цу гIалахь а, гонахарчу Iоьхкучу ярташкахь а, шайх тера ойла йолу нах шайн тобана юккъеозорхьама.

XS
SM
MD
LG