ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу а, Либерчу хьолан хьокъехь конференци ю Австрин коьртачу шахьарехь шина дийнахь дIахьош.


Австри -- Стигалкъекъа-беттан 17-гIа де, 2016-гIа шо
Австри -- Стигалкъекъа-беттан 17-гIа де, 2016-гIа шо

Наггахь бен нислуш дац Венехь иштта лакхара кхерамазалла ларйаран гIулчаш йохуш, масала, я Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир веъча, я католикийн Папа веъча бен. Амма оршот дийнахь дуьйна схьа Австрин коьртачу шахьаран юкъ дIакъовлар гича, я гIалин тIехула гонаш туьйсу бер-кеманаш гича, я дийна каппаш дIалийцина лаьтта полисхойн машенаш а, шаьш полисхой а, чотт йоцуш алсам урамашкахула дIахIиттина, тIаккха ойла кхоллало, я цхьа терроран кхерам кхаьчна-те Iедалхошка, я цхьа вуьйцу ца хезна веза хьаша кхаьчна - техьа Вене, аьлла.

Ткъа бакъдолчохь и сел лаккхара кхерамазалла ларйаран гIулчаш оршот дийнахь дуьйна Венина юккъехь лаьттачу Бристол хьешийн цIийнахь Шемах а, Либех а конференци йолаяларца йоьзна ю. Къаьстина Либера хьал дара конференцин хьалхарчу дийнахь дийцаре динарг. Цигахь кху тIаьхьарчу масех шарахь, ма-дарра аьлча, Каддафи МухIамар вожийначул тIаьхьа йоца хан яьлча дуьйна схьа вовшашна дуьхьал тIемаш беш ю тайп-тайпана тобанаш, цул совнаха, цу махкахь хIоьттинчу хаосах а, кегарех а пайда а эцна, вуно нуьцкъале йирзина йигахь ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба. Карарчу хенахь Либехь Iедалехь йолчу урхаллин куьйгалхо Сараж Файез цундела Венерчу конференцехь дуьненан юкъараллера шен пачхьалкхана алсамох белшашгIортор а, герзанца а, ахчанца а гIодар а доьхуш ву. Цул совнаха, Либин хинбердашкара схьаоьхуш бу Европе оьхучу мухIажарех цхьа доккха дакъа, - цу махкахь къепе ца хиларх а, урхаллин гIорасизаллах а пайда оьцучу талорхойн тобанаша конвейере хIоттийча санна болх бо йоллучу Африкера Малхбузене кхача луучу бIеннаш эзарнаш нахаца. И хьал хийцархьама, Либера политикан а, тIеман а хьал стабиле а дерзийна, и мухIажарш хIурдахула сехьа ца бийлита а, уьш Iехош, цаьргара ахчанаш дохучу нахбохкархойн тобанашца къовсам латторан некъаш билгалдахар а ду конференцехь тергалдечу хеттаршна юккъехь.

Венерчу университетан белхахо волчу политолог Чапханов Русланна хетарехь, хIинца кху деношкахь и конференци дIаяхьар ларамза дац, хIунда аьлча, нийсса бIе шо кхаьчна шех Сайкс-Пико олучу Гергарчу Малхбалех болу цу хенахь къайлаха хилла барт Британин, Францин, Оьрсийчоьнан, ткъа жимма тIаьхьох Италин а куьйгалхоша бина. Цу бартаца цу пачхьалкхаша вовшашлахь йоькъуш яра Гергара Малхбале шайн-шайна интересийн зонашна.

„БIе шо хьалха, стигалкъекъа беттан 16-чохь бина бара Франциной, Британиной, Оьрсийчоьной Гергара Малхбале екъарх болу барт. ХIетахьлерачу Iамеркан президентан хьехамчано аьллера цу хьокъехь: „Барт -м би цара, амма питанан бен схьа-м билли цара цигахь“ аьлла. Вайна ма-гарра, цул тIаьхьа 100 шо даьлла, амма хьал толуш дац. Мелхо а, цигахь керла ловзархой кхоллабелла – кхурдой, Иракъехь шайн пачхьалкх кхолла гIерташ болу, ткъа иштта ДаIиш тобий. Цундела, суна хетарехь, конференцехь дIа-м кхоьхьур ю цигахь гулбеллачара, амма цу регионехь хьал тодала дагахь а дац“.

Кхин цхьаъ мехала хаттар Венерчу цхьаьнакхетарехь 20 пачхьалкхан векалш, шайна юккъехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а волуш, Шемара хьал дара. Шемахь герздеттар сацор а, цигара конфликт политикан некъашца ерзор а ду дийцаре деш. Амма нагахь санна, тIом машарца берзор вуно генара перспектива хеталахь, мел кIезга а, гуманитаран гIо-даран юкъараллийн векалш мацалла а, баланаш а ловчу меттигерчу бахархошна Асадан тобанаша новкъарло а ца еш, тIекхачийтар мукъане а цхьана тIегIанна тIедаккха гIерта конференцин декъашхой. Бакъду, цу Iалашоне Венерчу конференцин декъашхой муха кхача дагахь бу бохург кхеташ дац, хIунда аьлча, я Асадан режиман векалш а, я цунна дуьхьал тIом бечу оппозицин тобанийн векалш а цу конференцехь дакъалоцуш бац. Цуьнца цхьаьна амма карарчу хенахь Шемахь Алеппо гIалина гонахь тIемаш хIинца а севца бац. Ткъа иза бахьана долуш баханчу охан баттахь Женевера Шемах долу дагадовларш а цхьа а жамI доцуш юкъахдевлира.

КхоалгIа мехала хаттар, Венерчу конференцехь дийцаре деш долу, - иза Ламан Карабахера хьал ду. Арменин а, Азербаджанан а ши президент ву Венехь цхьаьнакхета везаш, ткъа шина пачхьалкхана юккъехь барт барехь юкъархо хIуттур ю Цхьаьнатоьхна Штаташий, Оьрсийчоьй, Франций.

XS
SM
MD
LG