ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоман кхерамзаллин агенталла тергоне лаьцнера Путинца уьйраш хила тарлун зуламхо


Бразили -- Наха Сноуден Эдвардан туьтмIаьжигаш йоьхна
Бразили -- Наха Сноуден Эдвардан туьтмIаьжигаш йоьхна

Къоман кхерамзаллан агенталлин хиллачу белхахочо Сноуден Эдварда Iорадаьхна документаша гучудаьккхина цу агенталлино Оьрсийчуьрчу гIараяьллачу Тамбоверчу зуламхойн тобанан куьйгалхочуьнан Кумарин Владимиран телефоне ладугIуш хилар. Къайлаха цуьнан телефоне ладогIар Къоман кхерамзаллин агенталло дIадаьхьира 2002-чу а, 2003-чу а шерашкахь. Тамбовера зуламхойн тоба цу хенахь вон цIе йоккхуш яра Питербухехь, ткъа цу гIеран куьйгалхочуьнан тIеIаткъам цу гIалахь массанхьа хаалуш чIогIа хиларна, цунах “Питербухан Буса волу Паччахь” олура. Къоман кхерамзаллин агенталло цуьнан телефоне ладогIар бахьана дара цуьнан Путинца хила тарлун уьйранаш таллар. Тхан цу агенталлин цу зуламхочунна бIаьрг тIехь латторна пачхьалкхан департаментан дехарца дина дара. Ала догIу, пачхьалкхан департамент Кумарин Владимир къоман кхерамзаллин агенталло тергонехь латтор мел эвсара дара аьлла динчу хатаре жоп дал реза ца хилира. “Пачхьалкхан департаментан белхан низамца догIуш, къайлаха сервиса бинчу балхах лаьцна оха комменташ ца йо”, аьлла кхетийра цара жоп дала реза ца хилар. Ткъа стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь къоман кхерамзаллин агенталло яздинчу документо билгалдоккху цу къайлах бинчу белхан жамI кхиаме хилар. Пачхьалкхан департамент санна цу документан чулацам ца бовзийту цу къайлахчу сервисо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG