ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Биъ мохк бу ТIалибанца машаран дийцарш дIахьош.


ОфхIанистан - ОфхIанистанера полицхой хадеш бу ХIелмандан НахIр-э-Сарай кIоштехь, стигалкъекъа-бетта 11 2016
ОфхIанистан - ОфхIанистанера полицхой хадеш бу ХIелмандан НахIр-э-Сарай кIоштехь, стигалкъекъа-бетта 11 2016

Исламабадехь рогIера пхиолгIа дийцарийн раунд йолаелла ОфхIанерчу Iедална а, ТIалибанана а юкъахь. Цу дийцарийн Iалашо дукха хенахь дуьйна севцина хилла машаран дийцарш дендар ю. Дийцаршкахь дакъалоцуш биъ мехкан векалш бу: ОфхIанистанера а, Пакистанера а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Китаера а. Кху шарахь дечкен-баттахь дуьйна и биъ мохк ТIалибан цу дийцаршна юккъеоза гIерташ бара, амма цу хьокъехь хилла кхиам талхийра ТIалибана буьрранчаша кху бIаьста дIайолинчу тIеман тIелатаран операцино. ТIалибан дIахьедо кхечу махкара ницкъаш ОфхIанистанера арабаххалц, ша Кабулца юкъархой боцуш дийцарш дIахьур дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG