ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Секретаран гIоьнча Нуланд Виктория Москох ю.


Iамеркан Пачхьалкхан Секретаран гIоьнча Нуланд Виктория
Iамеркан Пачхьалкхан Секретаран гIоьнча Нуланд Виктория

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкх Секретаран гIоьнча Нуланд Викторияс Минскехь бина Барт кхочушбар дийцаре дина оьрсийн Iедалхошца. “Тхуна Минскехь бина барт ма-хуьллу сихха кхочушхуьлийла лаьа, хIинца хан тIекхаьчча боккъал газ педал тIе а Iайина, и барт кхочушбан,” элира Нуланда зазадоккху 18-чу дийнахь Москох журналисташка, ша Оьрсийчоьнан президентан хехьамчаца Сурков Владиславца дийцарш дIадаьхьанчул тIаьхьа. Кремлин зорбанан секретара Песков Дмитрийс хилла дийцарашна мах хадош “дога ойла вовшийн йовзийтар” дара элира.

Нуланд ша Оьрсийчоьнан арарчу гIуллакхийн министран гIовсанца Рябков Сергейца а цхьаьнакхитира аьлла хаийтира.

Дагадаийта догIу, 2015-чу шеран чиллан-баттахь Минскехь бинчу барто Украинан Iедалан ницкъашна а, малхбалерчу Оьрсийчоьно гIодечу сепаратисташна а юкъахь долу тIеман тийсадаларш саца ца динехь а, дукккха а лахдина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG