ТIекхочийла долу линкаш

И доьзна кхайкхийначу «Вилспетахь - балха» аьллачу акцица. Лоьраш, орцанхой, пачхьалкхан хьукматашкара белхахой, белхалой а декхаре бина Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийнахь вилспеташкахь дIакхача шайн Соьлж-ГIаларчу белхан меттигашка.

Оьрсийчоьнан болам сихонца тIеэцна Нохчийчуьрчу «Велоклуб Ламанхо» цIе йолчу Регионан юкъараллин организацино.

Оцу клубан декъашхой бу мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Соьлж-ГIалин да Хучиев Муслим а.

ДIаяхьа леринчу акцин Iалашонаш ю: вилспет новкъахь лело аьхна хилар, могашаллина пайда бахьар хаздар, мехкан экологи ларъяр.

Маршо Радионо теллира, кийча буй-те Нохчийчуьра бахархой вилспеташ тIе ховша пIераскандийнахь?

Соьлж-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн белхахо Iусман ву дуьйцуш.

Iусман: «Суна Iаламат дика хIума хета иза. ХIунда аьлча, могашаллина пайден а ду, шолгIа делахь, вилспеташ мел йолу стаг вовшах а кхетта, и болх цхьана беш хилча, къам вовшахкхетар а, бартхилар хуьлу цуьнах. Вуьшта аьлача, цхьана дийнахь машенаш цахекхаро а, цхьана дийнахь машенаша аратухуш долу дIовш цхьана денна сецча а, Iалам, хIаваъ цIена хиларна а дика ду».​

Нохчийчуьрчу гIишлошъяран-коммуналан министраллин белхахочо Iелас воккхаверца тIеоьцу акци дIаяхьар. Амма ша балха юьртара схьаоьху, цундела акцин декъашхойн могIарехь хила таро яц шен, элира цо.

Iела: «И акци дIаяхьар дика д экологина а, стеган могашаллина а. Сан яц вилспет! Со балхана 40 чаккхарма гена ву, цундела со балха дIакхачале суьйре хир ю, цуьнах сайн гIуллакх хир ду моьттуш вац со».​

Медицинан белхахо Саламу а вац дуьхьал цу дийнахь шен КамритIера вилспета хаа.

Саламу: «ЧIогIа бакъахьа хIума ду. Iалам, хIаваъ ларлур дара, дуккха а пайда бохьу цу акцино. Со чIогIа реза ву. Сан вилспет яц, эца а эцна, цу дийнахь а, цул тIаьхьа а вилспетахь лела реза ву-кх со. Иштта ламм болуш дуккха а нах бу аьлла тешна а ву со».​

Оьрсийчохь цхьана денна машенаштIера вилспеташка берзар экзотика хетахь а, Европехь и могIарера гIуллакх ду.

Чехин юстицин министр вилспетахь балха вахана а ца Iа, пачхьалкхан куьйгалхочуьнца дийцаршка а воьду.

Политик, спортхо Кличко Виталийс балха лелон вилспет эцна шена 3 эзар сов евро а делла.

Лондонан хилла мэр Джонсон Борисна а гIоле хетара балха а, шен кхидолчу хьашташка а вилспетахь кхиа.

Масала, масех шо хьалха прессехь дийцаредора, Джонсона цхьа зуда зуламах яккхарх.

Суьйранна шен вилспетахь балхара вогIучу заманчохь, цуьнан бIаьрг кхеттера Кэмден кIоштан урамехь, карахь аьчка чIу а болуш кхиазхоша меттигерчу яхархочунна гуо а лаьцна, цунна тIелата кечбелла.

Лондонан мэро кIелхьараяьккхинера и зуда, цул совнаха зуламхой лаца а гIоьртира шен вилспетахь. ПаргIатъяьккхинчу зудчо дозаллица дуьйцура: «Къегачу вилспетахь вогIу Лондонан мэр сан турпалхо хилира», бохуш.

Оьрсийчоьно дуьххьара кхайкхийнехь а цу тайпа акци, Корейхь жигараллица кест-кеста хуьлу хIара тайпа барамаш.

Пачхьалкхан куьйгалхоша кхойкху шайн бахархой машенаш цIахь йитий, я вилспеташкахь, я гIаш лела бохуш.

Къилба Корейн президента уггар хьалха масал гойту оцу акцешкахь нахана.

Ткъа Италерчу Миланехь бахархой вилспеташка берзорхьама белхан алапан процент хьалайоккху.

Масала, Францехь 25 цент ахча ло балха вогIуш цхьа чаккхарма некъ барна.

Иштта ламаст ду кхечу пачхьалкхашкахь а - Германехь, Нидерландашкахь, Данехь, Белгехь.

ГIалийн дай тешна бу, машенаш дIа а тесна вилспеташкахь балха лелачарна ахчанан барамехь совгIат даро, гонахара Iалам цIена латторехь бахархойн стимул алсам йоккхур хииларх.

Ткъа шайн бахархошна и мехал масалш гойтуш вилспеташкахь лела балха а, шайн цхьацца дезаршка а пачхьалкхийн президенташ, мэраш, министрш.

Дукхболчеран и масалш цIархазманнна лелош ду аьлла хьажам бу. Тхоьца къамел динчу Iелас а элира, шайн цIе яккхийтархьама, хьаькамаша лелаен кепаш ю уьш, аьлла.

Iела: «И масалш, шайн цуьнах реклама а йина, шайн цIе яккхийта, шаьш иштта дика ду бохуш, дийцийтархьама лелош хIуманаш ду».​

Ала догIу, Европехь а, Iамеркехь некъаш тодина, вилспеташ маьршша хехка хьелаш нисдина хилар. Туьканашкахь, белхан хьукматашкахь, массанхьа а аьлча санна, вилспеташ дIахIиттон парковкаш ю йина, некъан билгалонаш а хуьлу къастийна.

Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисан куьйгалхо Аюбов Аслан Европехь веха дуккха а шераш ду. Цо дийцира, маьршачу пачхьалкхийн куьйгалхоша адамийн дуьхьа кхуллучу социалан хьелех а, бахархоша царех пайдаэцарх а.

Аюбов: «Малхбузерчсу пачхьалкхашкахь вилспеташ хехкар аьттехьа а рекламина а дац, я дозаллина а дац. И церан дахаран цхьа доккха дакъа ду. Къаьсттина Данехь, Голландехь, Германерчу цхьацца гIаланашкахь, Iамеркехь а гина суна.

Жималлехь дуьйнна, бераш ишколе вилспеташтIехь лела, балха леларг а воьду, туькана, базара.

Нохчийчохь дIахьочу акцина юха тидам тIе бохуьйтуш ала лаьа, дика хир дара вилспеташкахь леллал амална маьрша адам цигахь хилча.

Оцу ламасто цхьа а куралла а йоцуш, вовшашца лараме а болуш гойту Европера а, дуьненан кхечу цивилан агIонашкара а бахархой.

Дог даха лаьа, нохчех а хир ду цкъа мацца а и санначу ламастех, хьелех, дахарх дешаш къам.

XS
SM
MD
LG