ТIекхочийла долу линкаш

Силантьевн хIун гIуллакх ду бусулбанаш гезбаха?


Стигалкъекъа-беттан 11-чу а, 12-чу а деношкахь Хабаровскехь дIаяьхьира «Генара Малхбале- исламан цхьаалин а, бертан а доза» цIе йолу бусулбанийн 2-гIа форум.

Ерриг Оьрсичуьрчу кеп-кепарчу юкъараллийн, диаспорийн векалш гулбеллера цу барамехь.

Айдинчу хеттаршлахь коьрта дара Хабаровскехь керла маьждиг дар, тайп-тайпанчу динашкарчу берашна лерина аьхкентIехь садоIийлаш яр, терроризман кхерамзалла совъяккха агIонаш лехар а.

Форумехь дакъалаца веанера Оьрсийчоьнан Коьрта бусулба Динан урхаллан куьйгалхо Таджуддин Талгат а. Къамелашкахь оцу урхаллин векалша тидам тIебахийтинарг дара, тIейогIучу хенахь пачхьалкхарчу меттигерчу Iедалца а, юкъараллашца а, дешаран а, Iилманийн а хьукматашца а цхьана тIегIанехь белхаш дIабахьар.

Амма форуман декъашхой цецъбаьхнарг дара, оцу цхьанакхетарехь керстан динан жигархочо Силантьев Романа Оьрсийчуьрчу муфтешна шен рогIера оьгIазе критика яр.

Цхьанна а дагахь доцчу кепара яра цуьнан оьгIазалла.

Оьрсийчоьнан муфтиятан кхеташонан коьртера Гайнутдин Равил ямартхо ву, ткъа Оьрсийчоьнан Азин агIонан бусулба динан урхаллан муфтий Аширов Нафигулла зуламашка марзвелла стаг ву, аьлла дIакхайкхийра цо йоьдучу форумехь.

Силантьевс динчу дIахьедаро инзрабахарал а совнаха, оьгIазбахийтира гуламера бусулбанаш.

Форуман коьрта Iалашо цхьабартбар хиллехь а, шаьш лору шайхаш, Iеламнах ларамбоцчу дешнашца сийсазбар цатайнера дуккхаъчарна. Социалан машанехь кар-кара оьцуш, дижа ца дуьтуш емалдарца дийцаредо бусулба мехкийн бахархоша шаьш лору нах Силантьевс аьшнашбар.

Оьрсийчоьнан юстицин министраллан эксперта и тайпа провокацин дешнаш шегара довлийтарна оьгIазбихийтина уьш.

Форумехь дакъалаьцначу "Рефах" (Беркате кхиар) цIе йолчу политикан-юкъараллин боламан Хабаровскерчу декъан куьйгалхочо Туктаров Сарвердина Маршо Радион гIезалойн корреспонденте дийцира Силантьевс динчу дIахьедаро шегахь кхоллиначу ойланех.

Туктаров: «Бехкамш дохкура, тхо массо а цецъдевллера. Гайнутдинна цхьа цIе кхоьлли, вукхунна зуламхо ву эли. Ца хаьа, товш хIума-м дацара и, форумехь самукъане, дог айъаден къамелаш дан ма догIу, цхьанакхетаран Iалашо а ма яра, цхьаалла, цхьабарт, доттагIалла.

Ткъа цигахь хили диссенанс. Ас дуьхьало ца йира Силантьевс аьллачунна, хIунда аьлча, со воьхнера, суна аьттехьа а дагахь дацара, иза ишта вистхир ву аьлла. Цу форумехь хилларш дукхахберш муфтиятан белхахой бара, Силантьевна жоп цара деллехь бакъахьа хир дара. Суна хетарехь, оцу форуман инициаторшна хууш дара, мила хир ву цигахь, хьан хIун эр ду.

Амма цхьаммо а дош ца элира дуьхьалонца. Я церан яххьашца цецбовлар а ца хааделира суна. Силантьев вайна массарна а вевзаш ма вай, цо ден къамелаш а девза вайна. Амма оцу кепехь цо дIахьедарш дийр ду ца моьттинера суна».

4-5 шо хьалха Силантьевс бехкевира Гайнутдин Равиль, динашна а, къаьмнашна а юкъахь дов даккха, барт иэгIон гIерта, аьлла. Бахьана дара гIезалойн гоьваьллачу поэтна Габдуллин Тукайна Москохарчу Текстильщики кIоштахь хIоллам ца хIоттабайта керстан динан урхаллийн векалша куьйгаш яздойтуш хиллера шайн бахархошка, аьлла Гайнутдина дIахьедар дина хилар.

Хьалха иза бахьана долуш тIекхохкавелира Силантьев Гайнутдинна, ткъа хууш дац, хIинца хIун бахьана даьлла.

XS
SM
MD
LG