ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аштаркхан кIоштахь беха нохчий ларабо Iаламо кхуллучу халонашца


Оьрсийчоь -- Аштаркъ
Оьрсийчоь -- Аштаркъ

Оьрсийчоьнан кIошташлахь уггар дукха нохчий бехачех цхьаъ ю Идал хица а, Таркхойн хIорданца а яьржина Iуьллу Аштаркъан кIошт. Цигахь Iар-дахар а нисдина,болх-некъ а карийна дукха дуьйна а бехачу вайнаха къаро ярца 40 эзар гергга нохчо веха тахана цу хинан къоьлла йоцчу махкахь. Иза цу мехкан шатайпа цхьа билгало ю: некъ ма-ббу тIеш-хиш, тIеш-хиш. Ког баькх-баьккхинчохь го каналех тера ерик, ильм олу хиш, хIорданах тера бIаьрго схьа ма лоццу шуьйра ишалш, Iаьмнаш… Къаьсттина дукха ду даьржина хиш кху карахь болчу стигалкъекъачу баттахь. Даима а цигахь бехачара дийцарехь чIерашка Iов тасийта,хIора шарна а леррина чухоьцуш ду кху муьрехь хиш. Цу «кхожах» хьалха ца йисна алсам вайнехан даьхнийлелорхой беха Аштаркъ гIалина ткъех чакхарма бен гена йоцу Нариманов кIошт. Цигахь Реча олучу эвлана гергахь, шайн долахь 3-4 эзар гектар латтанаш-дежийлаш а долуш, къахьоьгуш бу цхьа могIа даьхнийлелорхой: нохчий а, суьйли, оьрси а. ЧIерий дебо чухецна хи царлахь вуно чIогIа зене дирзина. Цара шаьш цхьа кIадда а боцу хIума санна хьахадахь а, ма-дарра аьлча церан хIусамаш,божалш,техника,тIаьхьалонна латто докъар, гIирс-коьчалла- дерриге а хи чохь ду. Машенаш,кхин тIадийча талхо тарло йийбар,баккхал цара,мела а лекхачохь хIусмаш йолчу лулахошка дIакхалхийна.

Видеосуьрташ а дахкийтина зIенехула,кху I2-чу дийнахь дуьйна,дамба олу дуьхьалонаш а эшийна шайна чухьаддачу хих дийцира Аштаркъан кIоштехь вина а, кхиъна а волчу долахочо Ахьмада. «Цхьа наг-наггахь, 5-6 шарахь цкъа нислуш хIума ду оццул хи хьаладалар,-боху Ахьмада. - ЧIераша тесна Iов-зирх, олуш мА-хиллара, онда а баьлла «когабаххалц» , 2-3 кIирнах латтадо хи цхьана зилехь, цул тIаьхьа юхадоккху. Тхуна а хуьлу цунахха-м цхьана агIор пайда. Хи дIадаханчул тIаьхьа докъар хьалататтало, оха хьакха а хьокхуш иза Iаьнна кепашка ерзайо». Бакъду, и къамел динчу Сатуев Ахьмада билгалдаьккхира, кхушара хи сел чIогIа хьала ца даьллехь а, йочанийн шорто хилар бахьанехь докъаран къоьлла хила декхар дац аьлла. Цуьнца и къамел хиллера кIира хьалха, дуьхьалонаш а къарьеш, ваха-ван некъаш къовлуш, хино шен олалла шордечу хена. Тахана муха ду цигара хьал? Мел байбелла я базбелла ладегIам? Цигара хьал довза зIенехула сан къамел хила 40 шарахь гергга Аштаркъан кIоштехь даьхнешца къахьоьгуш волчу Сайтаев Ихванца.

Ихван: « ХIинца хи сецца лаьтташ ду. Жимма Iийча юхадер ду боху цу гIуллакхна охIла болчара. Кху сохьта хи чухецарехь кIуркIамане тIаьхьайисна. Зенаш-м ца хиллера, аьлчи а докъар ерг , кхидерг хи чоххьа-м ду. Иза-м оха меттахIоттор дара. Чухьадале хи сацадойла яц. Стенна аьлча хIара деккъа тхуна чудеъна ца Iа. Массанхьа а кхача деза хи,ца кхаьчча чIерашна Iов тасарехь готте хуьлу, тIаккха юхашарехь чIара кIезиг хир бу. Садолу хIуманаш,лаьхьарчий а тхуна цкъачуна новкъа дац. Тхан цIенош бухахь а хи ма ду! ХIусмаш кхузахь айаеллачу меттехь я бухахь когаш санна доьгIначу бIогIамаш тIехь деш ду. ХIинца бухахь хи ду и юхадаьлча мох кхета аьтто хиларна сиха Iовдало, тIуналла дIайолу. Тхом доьлла кху хьолах…»

Чухьаьдда хи бахьнехь шайн дуккха а халонаш лан езнехь а, вайнехан векалша цуьрриг а леткъамаш ца беш, дуьйцура эшо езачу халачу киртигех: нацкъар, хи доцчу меттигашка дIа а дигина кхобучу даьхнех а, лоьраш хьовсуьйтуш, царна дан дезачу зерех а, совнаха а детта дезачу мехех а. Ишта кхин а, кхин а кхерамаш бу цу хица бозабелла. Стенна аьлча хино дуьне ма-дду яржош,цхьаьнаэйина массо тайпа боьхаллаш. Ала дашна хи чу мел хьаьддачу вайнаха шайн наношций цхьана ханна Нохчийчу дIахьовсийна, ара-чу довла йиш йоцуш кхаба деза бераш. «ХIинца тхайгахь Iоьху хезаш даьхний а, декаш берийн зевне аьзнаш а доцуш, тийна ду-кх,тховх лаьхьа боьллучу хIусамехь санна»,- элира,б ерийн бераш лардан ца дезаш мукъаяьллачу Сайтаева Сарсара.

XS
SM
MD
LG