ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн мехкарий тIаме хьийсабо оьрсийша а


Нохчийн полици

Нохчийн полици

Нохчийчуьрчу прокуратуралла Присяжнюк Кириллан хьокъехь бехктIакхаман гIуллакх кхеле хьажийна. Иза бехкево меттигерчу яхархочунна Абубакарова Ларисана Шема а яхна, тIеман тобанах дIакхета гIо дарна.

ГIуран-беттан 3-чу дийнахь, 2015-чу шарахь иза полицино дIалецнера, ткъа гIуран-беттан 5-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело иза набахте ханна чувоьллина аьлла хаамбо прокуратураллин агIонна тIехь кху беттан 18-чу дийнахь. Присяжнюк Кирилла я цуьнан векалша хIинца а цуьнан тIетоьттучу бехкан хьокъехь коммент ца йина.

XS
SM
MD
LG