ТIекхочийла долу линкаш

Газан биргIаш Европе тайп-тайпанчу махкашкара


Гуьржийчоь -- Транс Адриатикан биргIа йиллар. стигалкъекъа-беттан 17-гIа, 2016-гIа шо.

Гуьржийчоь -- Транс Адриатикан биргIа йиллар. стигалкъекъа-беттан 17-гIа, 2016-гIа шо.

Шерашкахь, дийцарш а, политикан дебаташ а дIаяхьанчул тIаьхьа цхьа жамI гучудаьлла Къилба Европе газ кхачо биргIа йилларан хьокъехь. Транс-Адриатик БIиргIа компанино Таркъой хIордана тIера газ кхачор ю Европерчу маркете. Цу биргIано Европана аьтто бийр бу Оьрсийчоьнах газах йозуш хилар дуккха а лахдан. Азербайджанера йуьллучу цу биргIано Шах Дениз -2 газ йоккхучу бай тIера и дIакхачор ю Туркойн махка. Цигара и биргIа Транс Анатолин биргIанца цхаьна а кхетта, цо газ Туркойн махкахула чекх а яьккхина Жялтойчоьнан дозана тIеяхьар ю. Цигахь иза Транс – Адриатикан биргIанца цхьаьнакхетар ю. ТIаккха цу биргIано, Жялтойчоь а хадош, Адриатик хIордана бухула и газ Итали а дIакхачор .

БиргIа йилла белхаш кеста буьзинчу барамехь дIадолор ду.

XS
SM
MD
LG