ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу нохчашна тулу президентан харжамашкахь дакъалаьцча


Австри -- Австрин президент ФишерГейнц, стигалкъекъа 18-гIа де, 2016-гIа шо.
Австри -- Австрин президент ФишерГейнц, стигалкъекъа 18-гIа де, 2016-гIа шо.

Ма-дарра аьлча, Австрехь дукхах долу Iедал а, урхаллин куьйгалла а канцлеран карахь ду, Германехь санна. Амма нагахь санна луларчу Германехь президентан дарж доккхачу декъахь формалан Iалашонаш кхочушйеш бен дацахь, масала, бакъдолчехь ша вовшахтоьхна йоцу урхалла тIечIагIйар я, аьр вай, кхечу мехкашкара хьеший баьхкича уьш тIеэцар, Австрин президентан карахь дуккха а дукхаха архаш ю, махкахь долчу хьолана тIеIаткъам бан я махкара политикан системехь баккхий хийцамаш бан йиш йолуш. Масала, иза эскаран лакхара буьйранча ву. Иза иштта бакъо йолуш ву, нагахь санна парламентан харжамашкахь шена ца тов партеш тола а тоьлла, церан векалех хIоттийна йолу урхалла тIе ца оьцуш, керла харжамаш кхайкхо, шена товш болчу политикан ницкъо толам баккхалц.

Цундела а ду тIедогIучу кIирандийнахь Австрехь дIахьон болчу харжамийн шолгIачу гонан жамIаш вуно мехала – Австрин кхин дIа йолчу политикан курсана а, амма уггаре а хьалха цу махкахь бехачу мухIажаршна а, бусулбачу нахана а. ХIунда аьлча, харжамийн хьалхарчу гонехь массо а цецвоккхуш хьалхара меттиг яьккхинарг мухIажаршца а, бусулбачаьрца а гомачу меттигерчу аьтто-радикалан ФПОь партин кандидат Хофер Норберт вара. 35 процент кхаьжнаш а гулдеш. Амма цуьнан кхиам мел боккха хиллехь а, цуьнга абсолютан алсамалла ца гулйалар бахьана долуш харжамашкахь шолгIачу метте ваьллачу Баьццарчу партин векалца Ван Дер Беллен Александраца кху деношкахь кхин цкъа а къовса деза цуьнан мехкан коьрта дарж.

Харжамийн хьалхара го вуьшта а бара вуно цецвоккхуш. ХIинца карарчу хенахь Австрин урхаллехь коалици а йина, куьйгалла деш йолу цу пачхьалкхан уггаре а йоккха а, коьртачу шина партин векалш – социалистийн верг а, консервативечу Халкъан парти верг а, ший а, олуш ма-хиллара, тIо биина цициг санна аракхоьссира харжамхоша хьалхарчу гонехь. Цхьана агIор, мухIажарш шо хьалха Австри, - кхечу Европерчу пачхьалкхашка санна, - схьаэха буьйлабелча, цаьрца шаьш хIун политика лелийча бакъхьара дара-те ца хууш, делахь а, кхин хIумма а дацахь, социалан мехаллийн парти ю бохуш ша хиларна, уьш махка цу бита шайн харжамхойх ца хоттарна, цкъа хьалха эзарнаш мухIажарш тIе а эцна, амма и бахьана долуш аьтто-популисташ шайна критика йолаяшшехь, царна тархьама мухIажаршна дозанаш дIакъовлар магийначу СПОь социалистийн партина гира харжамийн жамIашкахь, шаьш шайн мехаллашна ямарта хилча, харжамхойн чам болий а, иштта ловзарш политикашна кхиинчу юкъараллашкахь ца магадой а. Вукха агIор, хьалхехь дуьйна мухIажаршна дуьхьал а хилла, уьш Iалашбарца а, тIеэцарца а йолу халонех бахьана а деш, аьтто-популистел а чуръяьлла, тIебаьхкинчаьрца цабезам а, гамо а яржош, цул совнаха, Балканашкахула а, Италехула а схьаоьхучу де эшначу мигранташна дуьхьал керт а, доза а дуттуш, царна тIехь политика ян гIиртинчу консервативечу Халкъан партина а харжамхоша гайтира, нагахь санна шаьшна популисташ харжа лууш хилахь, шаьш оригинале, аьлча а, бакъберш хоржур буйла, популистех тера лела гIерташ къахьоьгу йорах копеш а ца хоржуш.

Ма-дарра аьлча, мухIажарийн хаттаро билгалдехира Австрин президентан харжамийн хьалхарчу гонан жамIаш ала мегар ду. Воьхьийла ду иштта ала, кIирандийнахь цу харжамийн шолгаIчу гонан жамIо а, оццу мухIажарийн хаттаро къастор ду аьлла. Амма и жамIа мухха а хилахь а, кхеташ цхьаъ ду – нагахь санна Австрехь Iедале аьтто-радикале партин кандидат Хофер Норберт вагIахь, махкахь хинболу хийцамаш уггаре а хьалха нохчех а, цул тIаьхьа кхин дIа болчу цу махкахь бехачу бусулбанех а хьакхалур бу.

Иштта аьлла хеташ ю кIирандийнахь шен кхаж Баьццарчу кандидатана Ван дер Беллен Алексдррана дIабала кечлуш йолу Иннсбрукан яхархо Давлетмирзаева Тумиша а. Цо иштта дуьйцу, аьтто хьежамаш болу Хофер президент харжарах богIучу кхерамех лаьцна.

Давлетмирзаева Тумиша: „Нагахь санна уьш Iедале багIахь, и шайх Маьрша парти олуш болу популисташ, кхузахь цара тIебаьхкинарш хазнехсанна охьатаIор бу, мигранташна тIехь а цара таIзар латтор ду. Церан кандидат Хофер Норберт я дешна а, я Iилма долуш а вац, митингашкахь мохь хьекха хаар бен цунна хууш хIумма а дац. Важа кандидат Ван Дер Беллен университетехь болх беш хилла Iилманча ву, профессор а волуш, йоллучу Европехь а лоруш стаг а ву иза. Вайна массарна а гIолехь дара иза хаьржича. Вайх массарех а, вайн берех а хьакхалур долуш ду цу харжамийн жамIаш“.

Цу юкъана харжамийн хьалхарчу гонехь эшначу кандидатех цхьаболчара шаьш шайн аьзнаш Ван Дер Беллен Алексдрана лур ду аьлла дIахьедар дина, изза шаьшна кхаж тессина хиллачу нахе а дахьара аьлла кхайкхам а беш. Масала, еари дийнахь йозуш йоцу кандидат санна Австрин президент хила гIоьртинчу Гриз Имгарда, ала дашна, хьалхарчу гонехь кхоолгIа меттиг баьккхинчу, шена кхаж тессина хиллачу 800 эзар сов стаге дехар дира, аьтто ницкъаш Австрехь Iедале ца кхачийта, Баьццарчу партин векална Ван Дер Белленан шайн аьзнаш дIалахьара аш, аьлла.

XS
SM
MD
LG