ТIекхочийла долу линкаш

Португалина ца оьшу мехкадаьттий, газий - моххий, малххий, хий хилчхьана


Германи -- Белхалой бу тхов тIехь маьлхан панелаш хIиттош.

Германи -- Белхалой бу тхов тIехь маьлхан панелаш хIиттош.

Дийнна Португали тIетта диъ дийнахь карлаяккхалучу энергина тIехь ехира. Цу мехкан аьтто белира 107 сахьтехь карла ца яккхалун энергих пайда ца оьцуш, яха. Вуьшта аьлча, мехкадаьттах а, Iаламан газах а, кхиндIа а Iаламана зе дечу хьостанех пайда ца оьцуш. И хаам баржийна Португал Зироу Састейнабле Лэнд Ассоциацино.

Цу гайтамо билгалдоккху Португали 100 процент карлайоккхучу энергих бен пайда ца эца шена хьалха Iалашо хIоттийна хилар, яздо Зироно. Ала догIу, Португали дуьхьара мохк бац цу тIехь сел боккха кхиам баьккхинчех. Германино дукха хан йоцуш карлайоккху энерги тIех сов дукха яккхарна, цуьнан Iедало нахана ахча дала дийзира цунах пайдаэцийта. Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь цу мехкан маьлхан а, мохан а, гидро а, биомассан а заводаш кхачо йира мехкан хьашташна 87-чу проценте кхаччалц.

XS
SM
MD
LG