ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагон стенна саготта ю?


Оьрсийн тIеман кема Сухой
Оьрсийн тIеман кема Сухой

Оьрсийчоьнан авиацин Iамрекарчу кеманашна а, хIордан кеманашна уллохь кхераме манёвраш яр ларамзачу конфронтацина тIейига тарлора ши пачхьалкх, дIахьедира еарин дийнахь Пентагонан куьйгалхочуьнан гIовса Уорк Боба.

“Тхуна хаьа, цхьа жима инцидент хила тарло, тIаккха шинна а агIонна вовше бехке хетар ю хиллачуна, цунах цхьанна а ца оьшу ларамза конфликт хила тарло, ” – дIахьедира Уорка, Вашингтонехь дIахьочу Iамрекан а, Норвегин а тIеман конференцехь. Цхьаьнатоьхна Штаташ хьалха тешна хилла “Оьрсийчоьнан кеманаша а, хIордан кеманаша а кхераме а, профессионализм йоцу а манёвраш ярна,” тIетуьхира цо.

Кху тIаьхьарчу беттанашкахь шина мехкан кеманаш вовшийн гергга дар масийттазза хилла, царна юкъахь Балтикан ХIордана тIехула а. Царах цхьа дерш Пентагоно “кхераме а, профессионализм йоцуш а” дара элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG