ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь - зуламана дуьхьал зулам


Соьлж-ГIала -- 12/23/1994
Соьлж-ГIала -- 12/23/1994


КIезиг масалш дац герзанца дуьхьало ечеран, гIаттамхошца тIекаренаш а, чукаренаш а лелийнчеран уьш дийна болуш а, дIабаьхначул тIаьхьа а хIусамаш ягийна. И тайпа таIзар дар кхузахь дукха эвхьаза даларна, адамийн бакъонашларъярхоша а, дуьненан хаамийн гIирсаша а коьртах а даьккхина дийцаре деш хиларна, масех шо хьалха цу хьокъехь леррина дIахьедар дан дезна ур-аттал Оьрсийчоьнан куьйгалхойн а. Бакъду цу кепара шатайпа кхел еш, цIенош тIехь «эрадаккхар» дIалекъна ала хала ду. Кху муьрехь ягийна,тIеман барзакъ дуьйхина хиллачу, муьлш бу ца хуучу наха ши хIусам: толаман дийнахь иккхинчу Iожалхочун а, Путин Владимире арз динчу Шаройн кIоштан вахархочун а.

МогIарерчу бахархоша а, кIорггера зераш дина, вайнехан гIиллакх-Iадаташ дика девзачу Iилманчаша а буххера дуьйна а емалдеш хIума ду хIусамех цIа кхарстош цу кепара бекхам бар. Ас цIе ца йоккхуш вуьту цу хьокъехь масех дош аьлла шен хьажам бовзийтина яздархо,нохчийн истори говзанча. "Заманан йохаллехь вайнаха цкъа а шайна магийтина дац луьра мостагI кIелвитча а цуьнан хIусмаш ягош хIаллакъяр,- боху яздархочо.- Иза нохчийн амалца, Iадатца ,гIиллакхца тарлуш дац." Цунна хетарехь вайнахана даима а цхьа перза, мехала, чот йоцуш лераме хилла тхов-кIелонан сий дар. Говзанчаша дийцарехь хIусмаш яггол лахбалар гуттар эхье лоруш хилла нохчашлахь. Кху 21-чу бIешарахь хIусмаш ягор (муьлххачу бахьаненна а башхалла а йоцуш), цхьа акхалла-эрчо санна лоручех ву 65 шо долу соьлжагIалахо Муса. Хьайна ма тов нахех дагавийла боху цо, и къобалдеш лартIахь стаг карор а вац. Муса ву дуьйцуш.
Муса: « Путина тохара аьллер-кх хIусмаш ма ягае. Ахь цхьана агIор дешна нах, динан дай охьаховшабе, вукху агIор, Iилманчаш,йоза-дешарехь кIорге кхевчча нах охьа а а ховшабай хаттахь. Цу агIор а ,вукхо а агIор а, цхьана агIоно къобалдийр доцуш, оццул боьха гIуллакх ду-кх хIусам ягор. И милла велахь а, чохь Iаш болу бен бу-кх бохош. ХIусам ягор Дала могуьйтуш хIума ма дац. Велларг вела дIаваьлча хилча, цуьнан тIаьхьенца чIир лелор вайнехан Iедалца догIуш дац».
Жима-воккха,зударий-божарий башха а доцуш-массара а бехк-гуьнахь доцчу, гIорасиз болчу гергарчаьрна беш болу бекхам, харц тIеIаткъам сана туьду, тIемалойн я кхиболу зуламхой бахьанехь, хене бевлла хIусамаш сийна цIарца ягор. Дукхахболчара кхеторехь харцо къарьян, бакъо толийта къизалла яц гайта йогIург, къинхетамалла а, адамалла а ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG