ТIекхочийла долу линкаш

Терек кху сезонехь шега далург дина яьлла


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала

Тахана йирзина Оьрсийчоьнан премьер лиган футболехула чемпионат. ВорхIалгIачу меттигехь йолу Терек яра шолгIачу меттигерчу Ростовера хьеший тIеоьцуш. Жиггара хиллачу матчехь Ростове аьтто белира ши гол – цхьаъ хьалхарчу, цхьаъ шолгIачу таймехь- тоьхна толам баккха. Иштта, хьешан толамца, шиъ чкъург жамI долуш, йирзира Терекан тIаьхьара матч. Ала догIу, нагахь санна Казанерчу Рубино Москохара ЦСКА тахана эшийнехь, Ростовах шен историн йохаллехь Премъер Лиган дуьххьара чемпион хир яра. Ткъа ЦСКАн Казанехь ког ца тасабаларна, дети мидалех тоам бан безна Ростована. Ростована мехала хиллехь, цу матчан жамIо хийца хIума дацара Терекан кху сезонехь хир болчу кхолламехь. Кхин йохье бовла дог ца деана Соьлж-ГIалара ловзархой, эша а эшна а, шаьш хиллачу ворхIалгIачу меттигехь бисна.

XS
SM
MD
LG