ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьна тIелатий вай Шемехь, доьху оьрсаша


Белги -- НАТО-ехь Оьрсийчоьнан векал Грушко Александр, охан-беттан 20-гIа де, 2016-гIа шо
Белги -- НАТО-ехь Оьрсийчоьнан векал Грушко Александр, охан-беттан 20-гIа де, 2016-гIа шо

Оьрсийчоьно Шемерчу Асадан дуьхьал тIемаш бечу гIовтамхойн ницкъашна де тохарш цхьаьна дайта аьлла Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Оьрсийн тIеман министра Шойгу Сергейа Москохь хиллачу цхьаьнакхетарехь дира и дIахьедар. Цуьнан дешнашца, Оьрсийчоьно тохарийн билгалъяьккхина нишаш Туркойн махкара Шема чу герз а, тIеман гIирс а кхоьхьу конвойш ю. Амма пачхьалакхан департамент векала Кирби Джона Вашингтонехь журналисташка цу тIехь шина пачхьалкхан цхьаьна болхбар хир дац, аьлла дIахьедира. Цо Шеман президент а, цуьнан эскарш а ду элира чиллан-беттан 27-чу дийнахь тIом сацоран хьокъехь бина барт дукхазза бохорна бехке.

Ала догIу, Оьрсийчоьно операцеш цхьаьна дIаяхьийта аьлла масийттазза шега дехар динишшехь, Вашингон тIе ца тевжина цуьнан дехаршна. Цхьаьнатоьхначу Штаташа Ассад а бехкево Шемахь иттанийн эзаршкахь маьрша нах байъарна. Цуьнца доьзна ду цо Ассаде президент дарж охьадила, бохуш цуьнан Iаткъам бар. Ткъа, Оьрсийчоьнна Ассад шен даржехь вуьсийла лаьа. ТIеман ницкъаш цу махкахь цхьаьна ца тохахь а, цу шина пачхьалкха йоькъу шаьш дечух информаци цигахь ларамза вовшийн бохам ца баккхархьма.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG