ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-с Оьрсийчоьне: накъостий-м дара вай, амма ...


Румыни-- НАТО-н инарла секретар Штолтенберг Дженс Бухарестехь, стигалкъекъа-беттан 12-гIа де, 2016-гIа шо.

Румыни-- НАТО-н инарла секретар Штолтенберг Дженс Бухарестехь, стигалкъекъа-беттан 12-гIа де, 2016-гIа шо.

НАТО-н коьртачу буьйранча аллъянс шуьйра барт бина Оьрсийчоьнца кхин цхьаъ цхьаьнакхетар Москохца дIадахьа, аьлла д1ахьедина. Цуьнан дешнашца, и цхьаьнакхетар хила деза аллъянсан мехкийн т1еман куьйгалхой товбецца-баттахь дIадахьа лерина долу цхьаьнакхетар хилале хьалха. НАТО-н инарла секретар Штолтенберг Дженса аллъянсан арахьарчу гIуллакхийн министаршна Кремлица дийцарш дIа а хьош, денца Оьрсийчуьра алсамболучу кхерамна духьал НАТО-н ницкъаш чIагIбан а лаьа элира. Оьрсийчоьнца 2002-чу шарахь кхоьллина, амма цо ГIирмана йинчу анексин бахьанехь шина шарахь гергга болх сацийна хилла кхеташо, юха а цхьаьнатоха барт бу НАТО-н, Оьрсийчоьнна а юкъахь, тIетухира цо.

Цу дIахьедарна жоп луш, Оьрсийчоьнан НАТО-хь волучу векала Грушко Александра Брусселехь журналисташка дIахьедира “cуна-м ца хаьа тхан къамелан накъостийн хьалха санна бизнес боху дешнаш муьлхачу маьIнехь ду, цара хьалха санна цхьаьнаболхбар хуьлийла дац бохуш хилча.”

XS
SM
MD
LG