ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха хир ду Гериханов Ихван Нохчийчоьнан Лаккхарчу Кхелан коьрта суьдхо хилахь?


Нохчийчоь -- Гериханов Ихван, 2015.
Нохчийчоь -- Гериханов Ихван, 2015.

Нохчийчохь мукъадаьлла Лаккхарчу Суьдан гIаьнтден дарж дIалаца кийча ву ша аьлла дIахьедар дина вевзаш волчу нохчийн юристо, шен хенахь Ичкерин конституцин кхелан куьйгалхо хиллачу Гериханов Ихвана. Цуьнца доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар. -Гериханов Ихван Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан куьйгалхо хIоттавахь иза пайденна хир ду аьлла хетий шуна республикера могIарерчу бахархошна? - аьлла ду иза.

Шайна хетарг шу ала лууш делахь, йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 4 20 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 7 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

XS
SM
MD
LG