ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко бакъо елла Вьетнамана герз дохка


Вьетнам -- Обама Барака дIайолийна шен Вьетнамера кхаа денна хьажийна визит.
Вьетнам -- Обама Барака дIайолийна шен Вьетнамера кхаа денна хьажийна визит.

Вьетнамана герз дохкарна ша кхайкхийна хилла эмбарго буьззинчу барамехь дIаяьккхина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Цунах лаьцна Оршот-дийнахь дIахьедар дина Ханойхь кхаа денна леринчу визитаца волчу Iамеркин президенто Обама Барака.

Цо дийцарехь, эмбарго дIаяккхаран Iалашо ю Вьетнамаца юкъаметтигаш тояр а, еххачу хенахь хиллачу тIеман тIаьхьалонаш дIаяхар а.

2014-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьана декъана дIаяьккхинера Вьетнамана герз дохкар доьхкуш йолу эмбарго. Иза кхайкхийнера Iамерко 50 шо хьалха.

Обама визитаца Вьетнаме вахана Азера пачхьалкхашца юкъаметтигаш тояр Iалашонца, цу регионехь чIагIлучу Китайна дуьхьал латтархьамма.

«Синьхуа» олучу Китайн официалан агенталло Обамин визит дIайолалуш билгалдаьккхина Iамеркин а, Вьетнаман а юкъаметтигаш тояларх пайда эца гIерта оьшуш дац кхечу пачхьалкхана кхерам тосучу гIирсах санна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG