ТIекхочийла долу линкаш

100 сов стаг вийна Шемахь хиллачу лелхийтаршкахь


Шема -- Тартус, Стиг. 23, 2016

Шема -- Тартус, Стиг. 23, 2016

Шемара юкъараллин жигархоша бинчу хаамца, 100 сов стаг вийна цу махкахь Тартус а, Джабла а цIе йолчу шина гIалахь лелхийтарш дина. Цу шина гIалахь бехаш бу Асад Башарана гIортор еш болу нах.

Британехь туп тоьхначу Шемара адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь, оьрсийн тIеман-хIордан база йолчу Тартусехь хилла кхо эккхийтар. Кхин а 4 бомба эккхийтина Дуьненаюкъара хIордан йистехь Iуьллучу Джабла гIлахь. Царахь цхьадолу лелхийтарш дина Iожалхоша.

Юкъахь 60 километр бен йоцу Тартус а, Джабла а юьстах лаьтташ ю тIемаш боьлхучу зонина. 2011-чу шарахь дуьйна Шемахь тIом болабелчхьана цу махкахь вийна 270 эзар стаг.

XS
SM
MD
LG