ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Комик Оливер Джон: ГIо дeйша Кадыровн цициг лохуш!


Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIера деддачу цицигна гонаха бегаш лела.

Кадыровс ма-баххара аьлча, лом-тайниг санна хаза ду цициг.

Инстаграмехь лохуш гIодехначу цуьнга халахетар дIакъадицнарш вуно дукха белахь а, хууш дац, карийна цициг, я кароза ду хIинца а.

Iамеркарчу комико Оливер Джона шега миллионашкахь хьовсучу нахе а дехна Кадыровн цициг лохуш дакъалацар.

Иштта ду Оливеран къамел.

«Кадыров Рамзанан хIара цициг дайна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхам бина нахе, шен цициг лохуш гIоде, аьлла. Бингл – тайп цициг ду дайнарг. Нагахь санна шу республикехь Iаш а делахь, и тайпа дийнат шуна массех де хьалха дайна а делахь, хIинца йиш ю шуна оцу республикан куьйгалхочуьнца уьйр таса.

ХIаъ, ерриг а Нохчийчоьнна тIедиллина цициг лаха аьлла. ХIунда аьлча, куьйгалхочунна шена иза ца карийна дела.

Хетарехь, лехна цо и цициг и хила тарлучу меттигашкахь, ца карийна,хила тарло, масала, цхьанхьа малхехь даьржина Iуьллуш. Я цхьаьннан бIаьра хьоьжуш, ижу лоцуш.

Кадыровна цициг дарца доьзна хилла халахетар иза дика кхаъ бац. ХIунда аьлча, цуьнан низамхой нах лечкъорна а, хьийзорна а бехкебеш хиларна.

Кадыровх йолчу Википеди-агIонтIехь дийнна дакъа ду цо нехан бакъонаш талхорах лаьцна. И агIо хилар а дац диканна. Оцо гойту цуьнан цIе вон йоккхуш юйла.

Амма нагахь санна шуна Кадыров ма-варра вовза лаахь, цуьнан инстаграме хьовса. Шен цициг дарах лаьцна дуьйцуш хиларал совнаха, цо шен 1 млн 800 эзар хьажархочуьнга ша хIора дийнахь муха дегI меттахдоккху гойту меттиг ю Инстаграм. Спорт тIаьхара локхуш Европера поп-эшар а йолуш лелайо цо.

Тоьлла ду.

Кадыров дегIе ницкъ боссочу муьтан шишанах тера ву, чу садеанчу шишанах.

Бакъдерг аьлча, ас хьоьхур дацара шуна цуьнан инстаграмехь тIех дукха дажа - оцо шуьга дицдойтур ду, цхьана хенахь стаг веле хьалха, цо белан гIаж цунна йиттина сурт. Мелла а дицдолуьйту цо иза, амма дерриг а ца долуьйту.

Цуьнан интаграм лерина ю шена Путин мел веза гайта. Хьовсийша, мел ирсе хетало иза. Со-м ца хилла оццул ирсе цкъа а! Бакъдерг аьлча, цецвала дац - Путина Нохчийчоьнна тIехIоттийна Кадыров 2007-чу шарахь, цундела Кадыровна Путин ваъал дукха веза.

Хьовсал, Путин юхь-сибат тIехь долчу цуьнан куче! ХIинца хьовсал кхечу изза Путин тIехьволчу куче! Кхин цхьаъ а ю Путин тIехь волу коч! ХIинца Путин тIехь волу пуди-коч ю! И массо а суьрташ цуьнан инстаграмехь ду.

Путин тIехь волу кучамаш ерраш а яц вайна яйнарш. Кху тIехь а го вайна Путинан сибат. Шен доттагIчуьнца Путинан тIехь волчу кучахь. Ткъа хIара кхин цхьа сурт ду, тIехь мелверг Путинан сурт некха тIехь долчу кучамашкахь.

Путин тIехь волчу сирчу суьрте хьожуш, цу кучах хьоьгу хIара. Шеко а йоцуш, хаа тарлуш ду иза кху суьртаца.

Инстаграмин агIоне хьаьжча, гуш ду Путинал сов, цунна Путин тIех волу кучамаш езийла, я дийнаташ.

Иштта гойла ду лоьман кIеза, бер санна, караэцна Кадыров Iа сурт а. Я цуьнца вижина Iуьллуш. Говрах самукъадолуш. Говр хьоьстуш. Я буьйнахь котаман кIорни ловзош. Я карахь хIун ю а ца хуург кхобуш.

Луъург олийла ду шун Кадыровх, бакъоларъярхоша а санна. Амма оцу стагна хаьа шена хIун оьшу. ХIинца иза хьоьгург ду шен дийнат цIадерзар ду. Иза вайн массеран а бала бу, лоьхург ца карийча иза гIеххьа хьераволу.

Кху мукъаденошкахь цхьанхьа шен телефон йицйина цо. Музейхь охьайиллинчохь йисинера иза. Бакъоларъярхоша бахарехь, эзар стаг юха а валийна, бераш а цхьаьна, телефон хоьттуш хьийзира.

Ас хила торуьйту, барт хатта балийнчех хIораммо а, хьайн телефон тIе зIе тоха хьаьжний хьо, аьлла, хоттуш.

ХIаъ, хIаъ, бакъду, эзарнаш юхабало атта ду, телефон тухучул!

Цхьа телефон бахьанех оццул нах хьийзийча, цициг дайча нохчашна муьлха таIзар дийр дац цо?

И шен ден декъа дахьарг, и цициг, ца лехча ца довлу-кх вай! Иза вай дина даьккхина хила а деза. Цундела ду оха тховса Кадыровн цициг лоху кампани йолор.

Иза хIумма а доцург ду. Нагахь санна цицигах шун бIаьрг кхеттехь, Кадыровца зIене довла твиттерехула я инсстаграмехула. Хаам баийта цуьнга, «суна гина хьан цициг».

Нагахь санна шуна цуьнан цициг ца дайнехь, месседж яхьийта, «суна хьан цициг ца гина», алий.

Ткъа нагахь санна цициг ца гинехь, амма цунах тера цхьа хIума гинехь, шаьш шекделахь, цуьнан сурт а даккхий, Кадыровга хьажаде.

И кхо хIума дар хьоьху ас, дайна цициг лохуш».

Комико Оливер Джона дина дехар даьржина Твиттерехула а, Фесбукехула а. Иза тергоне эцначех цхьамма яздо, Кадыровн цициг, цо махкахь бахархошна хIоттийначу гаттонах дедда, дIадахана хила тарло, бохуш.

Ша Кадыровс а делла комикна Оливерна жоп.

Владивостокехь, Японехь, Исландехь хьовха Iамеркарчу КIайчу ЦIийнехь а дайна нахана шен цициг, инстаграмме цара яздарехь, боху цо. Ткъа Путин адамашна везаран билгало ю цуьнан сибат тIехь долу кучамаш цара лелор, яздо Кадыровс. Амма массо а мехкашкахь тIеман хьу яржош волчу Обамин сурт-м дац нехан некха тIехь, боху Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG