ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсашна зе дина Шемахь


Шема -- Оьрсийчоьнан Su-35 стигалкъекъа-беттан 4, 2016

Шема -- Оьрсийчоьнан Su-35 стигалкъекъа-беттан 4, 2016

Iамеркехь туп тоьхна йолчу Stratfor талламан а, аналитикан а компанино хаам бина Шемахь Оьрсийчоьнан кеманийн базехь хIаллакйина оьрсийн тIеман техника аьлла. Иза иштта хиларан тоьшаллаш а далийна цо, сателлиташа даьхна сурташ а гойтуш. Iамеркин векалша дийцарехь, оьрсийн базана яккхийн тоьпаш йиттина. Stratfor-о баржийначу хаамашца а догIуш, дукха хан йоцуш «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах маьрша яьккхинчу Палмира-гIалана гергарчу Т4 олучу базехь дохийна диъ оьрсийн Ми-24 олучу беркема.
Говзанчаш билгалдаккхарехь, сурташ тIехь гуш ду кхин а ткъех тIеман техника йохийна хилар.
Кху беттан 14-чу дийнахь ДАIИШ тобано шена тIеийцира цу базана тIелатар дар. Цара цу хенахь чIагIдора шаьш 4 беркема а, тIеман амуници тIехь йолу 20 машен а йохийна бохуш.
Кхин а ши де даьлча Оьрсийчура хаамийн агенталлаш, Оьрсийчоьнан тIеман министраллана тIе а тевжаш, хаам бира Палмирина гонах меттахбелла «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан террорхой аьлла. Амма шайн техника йохийна бохург мостагIаш еш йолу пропаганда ю боху Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векалша.

XS
SM
MD
LG