ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь тIеман тийсадаларш саца цу туьгу


Украина - стигалкъекъан-беттан 9, 2016
Украина - стигалкъекъан-беттан 9, 2016

Украинан 7 эскархо вийна цу мехкан малхбалехь. Кхин а 9 стаг чевнаш йина ву. Къоман кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхочо Турчинов Александра дийцарехь оццул дукха Украинин эскархой байина бацара 2016-шо доладелчхьана.
Турчиновс билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьно гIортор ечу сепаратисташа алсамдаьккхина Украинин ницкъашна тIелетарш дар, деза герзех пайда а оьцуш. Шайн агIор Донецкан Малхбузера кIошта яккхийн тоьпаш йиттина Украинин эскарша бохуш, латкъамаш беш бу Донбассера сепаратисташ. Цара дийцарехь, Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь цара дохийна 8 цIа.
2014-чу шеран Охан-баттахь дуьйна Украинин малхбалехь хиллачу тIеман хиламашкахь вийна 9300 стаг. 2015-чу шарахь Минскехь барт бина Донбассера конфликт дIаерзор Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG