ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан гимнан хьокъехь низам


Оьрсийчоь- Москох

Оьрсийчоь- Москох

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Суьдо къобалйина Оьрсийчоьнан гимн сийсаз ярна таIзар дарх лаьцна йолу низаман проект. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксо». Керлачу низамо кхел ян бакъо лур ю гимнах цавашарца къамел динчу нахана.
Оьрсийчоьнан бехк-такхаман кодексехь хIинцале а йолуш ю пачхьалкхан герб а, флаг а емал йинчу нахана таIзар дан бакъо луш йолу артиклш.
Керлачу документаца а догIуш, пачхьалкхан гимн сийсаз яр лорур ду леррина мукъам а, дешнаш а харцхьа а дохуш иза нахана хьалха лакхар, я зорбанан гIирсашкахь зорбане яккхар, шайна юкъахь интрнет а йолуш. И зулам дарна хан тоха бкъо хир ю цхьана шаре кхаччалц.

XS
SM
MD
LG