ТIекхочийла долу линкаш

Маьрша яьлла Савченко Надежда


Украина -- Савченко Наждежда къамел деш ю Киеверчу "Борисполь" аэропортехь. Стиг. 25, 2016

Украина -- Савченко Наждежда къамел деш ю Киеверчу "Борисполь" аэропортехь. Стиг. 25, 2016

Тахана даймахка цIайирзинчу Украинин пилото Савченко Надеждас шен дуьххьарлера интервью елла Киеверчу «Борисполь» аэропортехь. Цо къинтIера баьхна Украинин малхбалехь дIабоьдучу тIамехь кхелхинчу эскархойн дай-наной. Шега юхаберзалур бац кхелхинарш, амма ша мичча хенахь а кийча ю тIеман арахь Украина Iалаш еш шен са дIадала элира цо. Цо иштта баркалла элира ша маьрша йоккхуш дакъалаьцначу нахана.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс хаам бира журналисташка, Путин Владимира Савченкох къинхетам беш указ тIеэцна аьлла. Песковс чIагIдарехь, иза Путина дина Савченкона бойуш дакъалацарна бехке дуьллучу оьрсийн журналистийн гергарчеран дехарца.

Оьрсийчоьнан Iедалша журналисташ бойуш дакъалаьцна аьлла 22 шо набахтехь даккха хан тоьхна йолчу Савченкос мосуьйттоза дIахьедар динера, къинхетам бар деха дагахь яц ша аьлла.

Украинин пилот Савченко Надежда хийцина Оьрсийчура шина эскархочух Александров Александрах а, Ерофеев Евгенех а. И шиъ Савченкол хьалха дIакхачийнера Москох «Внуково» аэропорте.

Дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаш дийцарехь, и ши стаг Савченкох хийцарх лаьцна барт бина Кхаарин буса телефонехула дийцарш дIахьош Германин а, Францин а, Оьрсийчоьнан а, Украинин а лидерша.

XS
SM
MD
LG