ТIекхочийла долу линкаш

Азербайджанан лаккхарчу кхело дIахецна журналист Исмайлова Хадиджа


Азербайджан --Исмайлова Хадиджа. Стиг. 25, 2016

Азербайджан --Исмайлова Хадиджа. Стиг. 25, 2016

Азербайджанан лаккхарчу кхело дIахеца сацам бина, 7 шо ах шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолу Маршо Радион Азербайджанан сервисехь болх беш йолу журналист Исмайлова Хадиджа. Иза хилла цунна тоьхна хан кхаа шаре ах шаре яцйинчул тIаьхьа. Кхело и сацам бина журналисто йина аппеляци тидаме а эцана.

Исмайлова лаьцнера 2014-чу шарахь ГIура-баттахь. 2015-чу шеран Гезгмашин-баттахь цунна хан туьйхира пачхьалкхан йогIу ял дIацаелла аьлла. Малхбузера пачхьалкхийн Iедалш а, дуьненаюкъара организацеш а кхайкхамаш беш яра Азербайджане и зуда дIахецахьара бохуш. Юкъараллин вовшахтохараллашна хетарехь Исмайлована Iедалша бекхам бинера Азербайджанан президентан Алиев Илхаман доьзал коррупци лелорна бехке беш материалаш цо зорбане яхарна.

Маршо Радио/Маьрша Европан Радион коьртачу редакторо Пежич Ненада дIахьедар дина Хадиджа дIахецарна вуно хазахетта бу цуьнан белхан накъостий аьлла.

XS
SM
MD
LG