ТIекхочийла долу линкаш

Муьлш бу Германехь зуламхой?


Германи - Германин полицин лерина ницкъаш

Германи - Германин полицин лерина ницкъаш

ХIора шарахь немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло юкъараллина йовзуьйту махкахь криминалан талоршца долчу хьолах йолу рапорт, даханчу шарахь хилла зуламаш мел дара, хьан динера уьш, я уьш талларан хьал муха ду бохург бахархошна хаийтархьама. Даханчу 20I5-чу шарахь хиллачух йолу и тайпа рапорт йовзийтинчу Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Де Мезьер Томаса шен векалто хIоттийначу статистикана тIе а тевжаш, билгалдаьккхира, мухIажарш бахьана долуш, аьлча а, цу мухIажарш кхепедацарш дукха лелорна Германехь криминалан хьал эрча даьлла бохург бакъ дац, аьлла. Цхьаццаболчу хаамийн гIирсашкахь а, амма уггаре а хьалхох социалан машанашкахь националистийн хьежамаш болчу наха эладиттанаш даржадахь а, бусулба динах болчу тIебаьхкинчара зударшна дуьхьал зуламаш леладо, цара туьканашкахь къоланаш до, бохуш, цхьа а хьостанаш доцу хIумнаш а дуьйцуш, хIетте а, мухIажарийн тулгIе Германе кхачале хиллачуьнца дуьстича криминилитетан терахьаш хIара аьлла хийцаделла дац, элира полицин хьукматан куьйгалхочо. „Дуьненаюкъарчу хьолаца дуьстича Германи вуно кхерамазе пачхьалкхе ю“, - элира цо. Ткъа зуламхойн къоман орамех лаьцна аьлча, немцойн махкахь къепедацарш лелийна гучубевлла, лийцинчу кхечу къомахчу талорхойх доккхах долу дакъа хIинца мухIажарш санна схьабаьхкина нах бац, иттанаш шерашкахь цу махкахь бехаш а, цигахь кхечу къомахчу доьзалшкахь бина а, кхиина а болу, мигрантийн шозлагIчу а, кхозлагIчу а чкъурах болу нах бу бохург билгалдаьккхира министро.

Цуьнца цхьаьна Де Мезьер Томаса элира, мелхо а, мухIажаршна а, мухIажар боцуш кхечу къомах болчу нахана а, ур-атталла мухIажарш хила там бара аьлла шайна ларамаза хеттачу туристашна а дуьхьал неонацийн хьежамаш болчу зуламхоша дечу талорийн терахь ду даханчу шарахь вуно лакхадаьлла, аьлла. Къаьстина бусулба динах буйла гуш болчу зударшна а дуьхьал а, мухIажарийн юкъараIойлашна дуьхьал а деш дерш хьахийра цо.

200I-чу шарахь политикан я динан бахьанашца деш долу зуламашна ша-къаьстина статистика Германехь ян йолийчахьана цхьана 20I5-чу шарахь санна дукха и кепара зуламаш немцойн махкахь дина дацара, элира цо. Проценташкахь аьлча, и терахь 20 процент герга лакхадаьлла.

И хьал Германехь бехачу бусулба нахехь боккха сингаттам кхуллуш ду, бохуш дийцира Маршо радионе немцойн Коьлн гIаларчу бусулбачийн цхьаьнакхетараллин векало Кьадари Петрас. Ислам дин лелочарца йолу гамо юкъараллехь кхин дIа а лакха ца ялийта, сихонца къаьмнашна а, динашна а юккъехь диалог алсамъяккха еза аьлла хета цунна.

Къадари Петра: „Дукха догцIена а хила везар, хIинца кху хьолехь адамаш гIайгIане доьжна дац боху кеп ян гIерташ верг. Вайх массарах а хьакхалуш ду иза. Хала дерг хIун ду аьлча, ишттачу хьолехь хьалха дуьйна зийна а болуш, даима а халчу хьелашкахь гIодина а болчу гIирсех пайда эца, царах возавала. ХIинца даимачул а алсамох оьшу вайна диалог. Оьшу иштта юкъараллин массо а агIонаша цхьаьна, юкъахь махкахь гулйеллачу халчу темех лаьцна къамел долор“.

И эккха кийча долу хьал сихонца хийца дезаш ду аьлла хеташ ву немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министр Де Мезьер Томас. Цо билгалдаьккхира, динан я къоман цабезаман бахьанашца зуламаш лелош болу нах немцойн юкъараллин баххаш харцон Iалашо йолуш бу, ткъа даханчу шарахь миллион герга мухIажар тIе а эцна, цаьрца ларон гIерташ Германин Iедал хиларх пайда а эцна, шайн адамаллин гома идеологи юха а яржорца корта хьалаайбан гIерташ неонацийн тобанаш ю, аьлла.

XS
SM
MD
LG