ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремло къобал бина Порошенкон Донбасс хьокъехь болу лаам


Оьрсийчоь -- Песков Дмитрий Путин Владимиран зорбанан конференцехь. Москох, ГIура-бутт.17, 2015
Оьрсийчоь -- Песков Дмитрий Путин Владимиран зорбанан конференцехь. Москох, ГIура-бутт.17, 2015

Савченко Надежда, Оьрсийчоьно дIа а хецна, цIаерзарца доьзна вист хуьлуш Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар динера шаьш иштта юхаерзор ю ГIирма а, Донбасс а аьлла. Кремло комментари ца еш цадитина цуьнан дIахьедар. Иштта Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс бахарехь, нагахь цуьнан лаам гуманизман бух болуш белахь, иза тIеэца мегар долуш ду. Иза ду шаьш Москох сатуьйсуш дерг а боху цо, ша РИА Ности агенталлана еллачу интервьюхь.

Песковс дийцарехь, ГIирма юхаерзор ю бохург комментареш а цаеш дита оьшуш хIумаду, Порошенкос дIалаца еза бохуш хьехош ерг Оьрсийчоьнан регион йолун дела. Украино а, кхин а 100 гергга пачхьалкхо лоруш яц Оьрсийчоьнехьа долчу ГIирмера Iедалша 2014-чу шарахь Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь дIаяьхьна референдум. Иза бухе а йиллина, шех дIатоьхнера ГIирма Оьрсийчоьно. Кремло чIагIдо ГIирма шайн дола ялар дуьненаюкъарчу низамашца хилла ду бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG