ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто кхин дIа а юьтур ю ша Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш


Белги -- Европан кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналд, Брюссел. Зазадоккху-бутт, 8, 2016
Белги -- Европан кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналд, Брюссел. Зазадоккху-бутт, 8, 2016

Европан кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда Японехь G-7 саммит йолалуш а йолуш дIахьедар дина Евроберто гергарчу 2-3 кIиранах Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна экономикан санкцеш кхин дIа а яхйийр ю аьлла. Уьш кхайкхийна ю Украинин малхбалехь Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш. Туска дийцарехь, Евробертан Оьрсийчоь хьокъехь йолу позици хийцалур яц, Москохо Минскехь барт беш шена тIелаьцнарг буьззинчу барамехь кхочуш цадахь.

ТIаьхьарчу хенахь цхьацца политикаша кхайкхам бан болийна Евроберте Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш дIаяха бохуш. Иштта Охан-баттахь Францин парламенто резолюци тIеийцира Оьрсийчоьнан мехкадаьттан а, тIеман а, банкийн а секторшна дуьхьал кхайкхаийна санкцеш дIаяхар доьхуш. Амма и сацам кхочуш цабича а мегаш болу кепехь бара Францин Iедалшна.

Евроберто Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцийн хан чекхйолуш ю Марсхьокху-бутт дIабоьрзуш. Уггаре а кху дуьнентIехь таро йолчу пачхьалкхийн шина денна лерина G-7 олу сааммит дIайолаелла Еарин дийнахь Японехь, Тийначу хIордан бердаца Iуьллучу Исэ-Симе олучу Миэ префектурерчу къоман паркехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG