ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчалла Iалашдечийн тоба чIагIлуш ю Норвегехь


Пхийтта а, сов а шераш ду Малхбале цIерачу тIамах бевдда дIабахначу нохчийн мухIажирийн диаспораш йолу. ТIекхуьу чкъор, доккхачу декъанна, даймахках къаьстина, я цунна генахь дуьненнатIе даьлла хиларе терра, шен къоман гIиллакхаш, ламасташ кIезиг хууш карадо. И кхачамбацар дIадоккхуш дика къахьоьгу, масала, Норвегерчу кегийрхойн хьалханчаша. Кху деношкахь шен дарж рогIерчу жимахе дIадала дагахь волчу цигарчу Нохчийн Кегийрхойн Юкъараллан лидерца Саиев Бекханца къамел хилира Маршо Радион.

ВорхI векалт ю Норвегерчу Нохчийн Кегийрхойн Юкъараллан. ХIораммо а дика болх бо меттигашкарчу вайнехан берашна мотт Iаморехь, нохчаллана герга уьш кхачорехь.

Деношкахь хийцамаш хир ду юкъараллехь. Деа шарахь цунан куьйгаллехь Iийна Саиев Бекьхана шенара хьалхе дIалуш ву рогIерчу жимахе. Иза мила хир ву хууш дац цкъачунна.

Дуьззина демократин ламасташ а лардеш, харжамаш бу хила безаш. Кандидат шиъ ву.

XS
SM
MD
LG