ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан йийсарехь ши шо даьккхинна, даймахка юхакхаьчначу Украинерчу тIеман кеманхочо Савченко Надеждас дIахьедина, нагахь санна украинахошна лаахь, ша кийча ю президентан дарж къовса, аьлла. Киевехь пIераскана ша еллачу пресс-конференцехь бохура цо иза. Донбассехь сепаратисташа лаьцна Оьрсийчоьне а кхачийна, цигахь ехха набахтехь яккха хан кхайкхийна йолу Савченко Надежда кхаарийдийнахь хийцина Кремло шен Киево лаьцна латточу шина тIеман иччархочух.

Зуда бехкейора цо оьрсийн ши журналист вуьйш дакъалацарна, ткъа аьттехьа бехке яц ша бохучу тIехь лаьттира Савченко. Иза лацар а, цунна хан тохар а харцо а лоруш, емалдира Киево а, Малхбалерчу пачхьалкхаша а.

XS
SM
MD
LG