ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхази: Дуьнено тIецаэцначу пачхьалкхийн футбол а, къаьмнийн сатийсамаш а


УЕФА-н футболан чемпионат йоьрзуш, дуьнентIехь бIеннаш миллионаш цуьнга хьоьжучу юкъанна, эзарнаш абхазаш гуллуш бу кхин хьанна стенгахь бу хууш а боцчу, деккъа шаьш-шайх «пачхьалкх» олучу мехкийн футболан къовсаме хьовса. Сампи, Сомалиленд, Раетиа, Чагос-гIайренаш. Хьанна евза и пачхьалкхаш? Ян а юй уьш? Яц дера!

Оьрсийчоьно тIекарло а еш, ша даиманенна йита гIертачу Гуьржийчоьнна хIуьттаре а еш, йозуш йоцчу футболан ассоциацин конфедерацин (Конифа) ю ловзарш кхайкхинарг. Цунна юкъахь бу шаьш шайх бен пачхьалкх а ца олу мехкаш.

Массех баттахь кечамаш беш Iийна Абхази. Цо оцу чепионатах дозалла а до. Амма шаьш долчохь дуьххьара хIуттуш бац шайн арахьарчу политикана мехала болу и беза барам, аьлла хета премьер-министрна Миквабия Артурна. «ХIара шолгIа чемпионат ю, - боху цо, вела а воьлуш, - Оха-м тхаьш санначу мехкийн домино чемпионат а хIоттийра».

2011-чу шарахь, йоккха гIара а яржош, дIаяьхьира Абхазино шен лаьтта тIехь доминох ловзучийн чемпионат.

ХIинца футболан «Конифа – 2016» чемпионато дуьнено шен карти тIехь шайн мохк йозуш йоцу пачхьалкх санна гойтур бу аьлла хета абхазошна - Малхбузу Эрмалойчоь я Къилбаседа Кипр, Секей-мохк я Пенджаб, Падани я Лапланди –пачхьалкхалла лоьхучу мехкийн бахархой санна болчу абхазошна.


I2 футболан тоба еана Сухуме – «Курдистан», «Японера Корейхой» санначу, пачхьалкхалла къуьйсучу, масала, мехкашкара бу хьеший.

Лаахь а, ца лаахь а, политика йолу Сухумерчу чемпионатал хьалха.

Абхази Оьрсийчоьнан цхьамзанаша латтош, цIарна «пачхьалкх» олу мохк бу. Кремло ша 2008-чу шарахь пхеа дийнахь Гуьржийчоьнца эккхийтина тIом берзийна дукха хан ялале тIеийцира Абхазех пачхьалкх ала сацам.

Ткъа муха го тахана Абхазера дахар?

Советан заманахь хIиттийначу гIишлойх, вастех лаьтта иза. Амма бакъду, тишъелла гIишлош, лаьтташ ю хIинца а цхьайолу гуьржашца бинчу тIамо йохийна ерш а тIехь. Къен ю тахана Абхази.

З000 эзар стаг чутарлучу, хIинцца цхьа тема дина, куьйце ялийначу стадионехь дIахьо футболан ловзарш.

Премьеро Микванияс бахарехь, турнир дIахьош эшна ахча 3, 5 миллион доллар ду. Ткъа Iедале гулдаделларг оцу ахчан итталгIа дакъа бен а дац. Стенгара хилла дисина ахча? Иза кхетадан тарло хьайна ма-луъа, амма къайле ю.


Кечамашка озийна вуно дукха адам дара Сухумехь. Стадионехь шаьлтанашца репетицеш ечу хелхарчийн тобаннашна тIера, берийн эшархоша тIекхаччалц.

Конифа – ООН-ан дакъошна юьстах юьсу спортхой вовшахкхетаралла. Иза цхьана ханна, ФИФА кхача таро луш йолу терхи ю, аьлла хета абхазошна.

Иштта дийцира Маршо Радион корреспонденте Сухумерчу журналисто-спортан комментаторо Гунба Артура. «Хаза а, корта айбина а хIара чемпионат дIаяхьар ду тхуна мехала» - бохура цо.

«Тхо пачхьалкх санна къобалдийраш а ма буй. Сийлахь йоккхачу пачхьалкхо Оьрсийчоьно а ма бой тхан цадазархойн статусца ларам. Амма пачхьалкхан битамаш берраш а болуш ма бу - байракх, гимн, экономика, мотт, сихбахам, истори» - дуьйцу Гунба Артура.

Цо бахарехь, Сухумо кехаташ дIасадахьийтина шен футбол дуьненаюкъарчу федераци юкъаэцар доьхуш – ФИФА. Абхази оцу юкъаэцахь, Косово а санна, шайн мехкан алссам аьтто болу дерриг а дуьнено къобалъечу новкъахь, аьлла хета абхазойн журналистна Гунбина.

Иштта бу МР корреспондентан Балмфорт Томан артиклан чулацам.

XS
SM
MD
LG