ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп вуно реза ву Путинана


Трамп Дональд.
Трамп Дональд.

ПIераскан дийнахь Калифорния штатерчу Фресно гIалахь харжамашна кечлуш вовшахтоьхначу митингехь вист хуьлуш, Республикан партин цIарах Iамеркин президентан харжамашкахь кандидат санна дакъалацар къуьйсуш волчу Трамп Доналда дIахьедар дина Путин Владимир ша лоруш стаг ву аьлла.

«Со Путинан доттагI вац. Суна вевзаш вац Путин. Суна цкъа а гина вац Путин. Ас лору Путин, иза ницкъ болу лидер ву, иза-м ду сан шуьга ала. Вайн лидерца иза вуьстича, вайниг гIийла лидер ву», - бохуш вара иза.

Трампа тоъал кхаьжнаш гулдина праймераш дIахьош Республикан партин цIарах президентан харжамашкахь дакъалаца шена оьшуш хилла долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG