ТIекхочийла долу линкаш

Мел маьрша ду Iамеркехь бусалба дин лелор?


Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Баракан Мерилендерчу бусалбачу юкъараллийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар, чиллан-беттан 3-гIа де, 2016-гIа шо.

Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Баракан Мерилендерчу бусалбачу юкъараллийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар, чиллан-беттан 3-гIа де, 2016-гIа шо.

Трампа Доналда бусалбачу нахах дина дIахьедарша а, Цхаьнатоьхначу Штаташа Уллорчу Малхбалерчу тIемашкахь дакъалоцуш хиларо а, бусалбачу нахана баха маьрша ца хоьтийту и пачхьалкх. Ткъа мел маьрша бу бусалба нах цу пачхьалкхехь шайн дин лело. Оцу хаттаршна жоьпаш лоху сан леринчу программо.

Малхбузе бусалбачу нехан мостагI ю, ткъа Оьрсийчоь цуьнан уггар дика доттагI ю боху къамел хеза кест-кеста Оьрсийчоьнан телегойтиллашкахь. Оьрсийчоь дуьнена тIера дIаялахь, бусалбчу нехан хьал вуно тиша хир ду, бохуш царна тIе а туьйжу цу мехкан бахархой - керста а, бусалба а цхьана терра. Кест-кеста Iарбойн пачхьалкхийн векалш хаало Оьрсийчоьнан телегойтиллашкахь Путин бусалбачу къаьмнийн гIордолу доттагI ву боху дIахьедарш деш. Делахь а, бусалба нах ша айъина лелабо бохучу Европерчу шахьарех уггар дукха бусалба нах бехачу Москох дац ши-кхоъ а бен маьждиг. Москохан бахархой а, цуьнан Iедалхой бу цхьана бартехь, бии а ког гIортийна, кхин маьждиг дарна духьал. Хьесапе ца оьцу бусалба нах хоттехь, догIанехь а, Iаьткъинчу йовхонехь а, даьIахках чекхйолучу шелонехь Iийд ламаздан дезар. Цхьа Москох хила ца Iан ишта хьал, кхечу гIаскхий алсам бехачу гIалашкахь ю шуьрра яьржина маьждигийн а, хьуьжарийн а къоьлла. ТIаьхьарчу хенахь доьшийлашкахь хижаб лелор дехкаран хьокъехь низам юкъадаккха деза боху дIахьедарш ду Оьрсийчоьнан Iедалхоша а деш. Мажош йолу кегий нах полицино сецабо, царах шайна ца тайна бусалбачех вахабисташ олий, уьш хьийзош меттиг нисло кест-кеста. Бакъ ду, ца хууш малхбузено бусалбачу стаган дуьхьал харцо яхь, иза шуьйрра дийцаре доккху Оьрсийчоьнан телегойтиллаша. Иштта кхинхетамца белхабо мискачу Шемара а, Иракъера а, Ливера а, ОфхIанистера а бусулбачийн баланаш. Оьрсийчуьра мулхха а вахархочунна хаьа Абу-Грейб а, Гвантимо а хIун ю, шайн мера кIелара Чернокозово хIун ю ца хиънехь. Ца хьахадо цу телегойтиллаша Оьрсийчоь тхов кIело яла цу мискачу нахана реза йоцийла; ца дуьйцу царах миллион Германи, 100 эзар Iамрека тIеэца реза юйла.

2001-чу шарахь Нью-Йоркехь дина терроран тIелатарш Iамреко ша-шена дина, Европехь тIаьхьарчу хенахь террорхойн тIелатаршкахь къиза нах байъар ду малхбузено лелочу бусалбачу нахана дуьхьал йолчу политикан дакъа, боху хежам бу вайнахана, кхинболчу Оьрсийчохь дехачу бусалбачу, хьовха керстачу а къаьмнийн юкъахь Оьрсийчоьнан телегойтиллашкахь баржош берг. Оццул малхбузенца гамо йолушшехь, гIаддайна, бисча, Оьрсийчуьра нах, нохчий тIехь цхьаьна, коьртачу декъана цига боьлху тхов кIело еха а, шайн доьзалийн дахар цигахь цаьрга деша а дешийтина, дIанисдайта. Цундела, тамашийна хета цу тайпа галаморзахаллаш хилар. Бусалба нах сел чIогIа безаш ца хилча, вайна хIунда еза вай ца деза меттиг? Я вай ваьш ледо техьа цхьана политикан пайденна? Я дин лелорал а, вайнехан гIиллакхаш лардарел а дукхах еза вайна Малхбузера токхе? Я Оьрсийчохь бац вайн нохчолла, бусалбалла Iалашдан аьтто? Ишта цхьамогIа хаттарш кхоллало, ткъа жоьпаш хIоранан цуьнан кхетаме хьаьжина хуьлу.

Европехь санна дукха бацахь, Iамрекехь бу нохчий бехаш. Цаьрга хатта лиира суна Iамреках лаьцна, цигарчу бусалбачу нехан болчу маршонех а, бехкамех а. Цаьрца хилла къамел а, цара суна делла жоьпаш дохку шун тидаме.

Дипломаташна меттанаш хьохучу институтехь ю Паскушова Элза пхийтта шо гергга оьрсий мотт хьоьхуш. Цо хаьийтира тхуна шеца балха тIехь дуккха а бусалба нах болхбеш хилар царна цу институтехь бусалбачу дино тIедиллина декхарш кхочушдан аьтто бина хилар а.

Бусалбачу зударийн хижаб лелон маьрша пачхьалкх ю Iамрека, элира тхоьга Эльза кхидIа а. Бусалбачу зударшна новкъарлонаш ца йо цара коьртах хижаб лелийча, я цаьрга цхьа цабезам ца кхоллало дукхахболчу Iамреканхойн, аьлла тIетуьхира цо.

Тахана Малхбузенера масал оьцуш, хижаб школашкахь доьхкуш низам тIеэца лаьа шайна бохуш хеза Оьрсийчоьнан дукхачу регионашкахь. Ткъа дихкиний школерчу дешархошна коьртах хижаб лело аьлла хаттар дича, ишта жоп делира Элза тхуна.

Маьждигаш дан а доьхку, я новкъарлонаш кхуллу дукхачу Оьрсийчоьнан регионашкахь тахана. Нийса бIостнехь ду Вашингтонехь цу хьокъехь дерг, довзуьйту тхуна цигара хьал Элза.

Элзас бохучунна тIе а тевжаш, Нью-Йоркана уллохь 10 шо сов вехачу Iарбис а элира тхоьга Iамрекехь маьждигаш дуккха а, даккхий а, хаза а хилар, уьш цигахь даьржаш хилар а.

Вайна ма-хаарра, бусалбачу нахана дихкина ду урс ца йоккхуш дийначу бежанан, котаман, я уьстагIан жижиг даар. Аьтто буй бусалбачу нехан халал жижиг эца аьлла хаттарна ишта жоп хезира тхуна Iаьрбигара а.

Халал туькнаш шуьйрра яьржина ю Iамеркехь. Бусалба нах хилла ца Iан цигахь даарш оьцуш. Гарехь, меттигерчу бусалба боцу Iамреканхойн а кхетта хьалал даарех чам, бохуш дехха дийцара тхоьга дипломатийн ишколехь меттанаш хьоьхучу Элза а.

ТIаьхьарчу шерашкахь Малхбузерчу пачхьалкхашкахь хиллачу террорхойн тIелатаршкахь кхелхина дуккха а маьрша нах. Ала догIу, Iамрекехь дуккха а бусалба нах а кхелхина цу кепарчу тIелатаршкахь. ТIелатарийн бахьанехь бусалбачу нахе ца безам кхоллабелла Малхбузерчу пачхьалкхашкахь бехачу цхьаболчу нехан а. Iамрекера республиканхошкахьара коьрта кандидат волчу Трампа Доналда дина бусалбачу нахана реза воцуш дIахьедарш: ша толахь, бусалба нах Iамреке чубуьтур а бац, цхьадолу маьждигаш дIа а къовлур ду, бохуш. Цунах хетарг а хаийтира тхоьца хиллачу къамелехь Iамрекера нохчийша.

Элзас санна Iаьрбис а шеконе дуьллу Трампига шен кхерамаш кхочушбабалар.

Хууш ма-хиллара, бусалбачу наха леладо тайпа-тайпана масхIабаш, политике болу хьежам а хуьлу цу тобанийн къаьсташ. Цхьайолчу бусалба пачхьалкхаша а хуьлу бусалбачу нахана юккъехь къастамаш беш, вон цIерш тохкуш, шайчух къаьсташ дин лелорш а хьийзабо. Ткъа Iамрекерчу бусалба наха ца бо ишта къастамаш, элира тхоьга Iарбис шен къамел дерзадале хьалха.

Динчу къамелан жамI деш ала лаьа, бусалба дин лело луу бусалба нах маьрша бу Iамрекехь и лело. Церан аьтто бу, бусалба духар лело а, хьалал яахIума йохка а, эца а, маьждигаш дан а, бусалба дин хьеха ишколаш схьаелла а. Царна цу тIехь цхьанна а кепара новкъарло ца йо Iамрекерчу Iедалша а. Ала догIу, дукхах йолчу бусалбачу пачхьалкхашкахь яц бусалбачийн дин лелорехь сел дукха маршонаш. Цундела хир ду-кх Iамреке а дуккха а бусалба нах гIертар а, цига кхаьчча, шайн дин дIа ца тосуш, цигахь и маьрша лелор а. Бусалбачу нехан терахь а, маьждигийн терахь а цига шо шаре мел долу дукхазза хьаладалар тоьшалла ду и бусалбачу нахана, кхийолу малхбузера пачхьалкхаш санна, дин лело маьрша пачхьалкх хилар.

XS
SM
MD
LG