ТIекхочийла долу линкаш

«Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн карара Фалуджи-гIала яккха дуьйладелла шаьш, аьлла, хаам баржийна Иракъан эскаро.

Эл-Фалуджин Наймийа кIоштахь хезаш лелхарш, дуьйлу герзаш ду, боху журналисташа.

БагIдадна 70 километр юьстах йолчу оцу суннатойн гIалахь кхерамна кIел буьсуш бу 50 эзар бахархой. Оцу юкъанна БагIдадехь вала араваьлла ши стаг иккхина молханах юйлинчу машенца а, мотоциклца а. 20 сов велла, 50 лазийна, полицино бечу хаамца.

Хьалхо баржийна хаам бара Иракъера Фалуджина герга узуш ду Iедало эскарш, аьлла.

КIира ду Иракъан ницкъашца цхьана цигара шиIатой тобанаш а йолуш, НАТО-н колицино кеманашца гIо а деш, Фалуджи мукъаяккха йолийна. Эскархоша дийцарехь, гIалина гонах массо а санна меттигаш дIалецна мехкан эскаро. Ши шо ах шо гергга хан яра Фалуджи «Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн карахь йолу.

XS
SM
MD
LG