ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан эскархой байина


Донбассехь Оьрсийчоьно тIекхарло латточу сепаратисташца Украинан эскархойн оршоьтадийнахь хиллачу тасадаларехь велла кхо салти, 8-на чевнаш йина, хаамбо Киево.

ТIеман министраллан векало Лысенко Андрейс даржийна, сепаратисташ тIелетта артилерин ГРАД – герз юкъа а доккхуш, аьлла. Азовн хIорданна гергарчу Мариуполехь а, Донецкна гергахь а хилла кхийсарш.

КIира хьалха а вийра оцу меттигашкахь I2 украинахо.

Атлантикан альянсан куьйгалхо даьттина Расмуссен Андерс шен хьехамча хIоттийначу Украинан президенто Порошенко Петрос Малхбалене дехна герзаца гIодар алсамдаккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG