ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказерчу бахархойн бакъонаш толлу бакъонашларъярхоша


Ukraine, Kiev - a human rights activist Igor Kalyapin

Ukraine, Kiev - a human rights activist Igor Kalyapin

Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташонан Къилбаседа Кавказе визит йолаелла оршотдийнахь Дагестанан тIера. Цигахь хир бу шина дийнахь. Цул тIаьхьа-тебогIучу беттан хьалхарчу шина дийнахь цара болх бийр бу Нохчийчохь. ТIаккха-ГIалгIайн мохк, ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхархойчоь, Кхарачо-Чергазойчоь, Ставрополь. Иштта ю церан белхан Iалашо. ХIора махкахь шишша де доккхур ду.

Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташона, Къилбаседа Кавказе йогIучу тобанна юкъахь 14 декъашхо хира ву, хьалхаваьлла куьйгалхо Федотов Михаил а волуш. Иштта цаьрца хира бу федерала цхьацца министраллийн векалш а, цхаьцца кхачамбачарш гучудевлачохь дIадаха.

КъилбаСеда Кавказе еаанчу бакъонашларъярхойн тобанна юкъахь ву, «Къизаллашна дуьхьал комитет» олучу юкъараллийн цхьанатохараллан куьйгалхо Каляпин Игорь. Цо Маршо Радиога элира, шайн визитан Iалашонех а, цуьнах хIун пайда хир бу а.

Каляпин: «Тхоьца дуккха а нах баьхкина. Тхо дагахь ду, тайп-тайпана хьукматашка кхача, цигахь долчу адамийн бакъонаш йохош хила мега аьлла хетачу. Уьш цомгуш нах а, набахтешкара тутмакхаш а, интернаташкара, тIехь дай-наной боцу кхиазхой а. Иза ду-кх».

Къилбаседа Кавказерачу мехкашка Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташо яр-цIеххьашца дагадеана хIума дац. И Iалашо хIоттина дикка хан яра, боху Каляпин Игоря. Шайна хаа боху цуо, бухарчу Iедалша гIуртур ду, лазаме хаттарш долу нах арз деш тIе ца кхачийта. Оцу хIуманна а, шай цхьацца агIонаш ю, аьлла кхин дIа а дийцира бакъонашларъярхочо.

Каляпин: «Визит Iалашонехь яра. Дикка хан яра тхо цхьаьна а кхетта, кхуза дахка лууш. Сан шеко ю, цхьаццанхьа, меттигерачу Iедалша, нах тхуна тIе ца кхачийта хIума лелорг хиларна. Тхо кхета цунах. Иза даима хуьлуш ду, массо а регионашкахь. Тхо Iаьмна ду и чолхаллаш дIаяха. Мухха а делахь а, цхьаъ тIекхочур ма вай тхуна».

Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташо шаьш долчу еънийла а, я йогIур юьйла а хууш дукха нах бац. Интернетехь цуьнан сайт тIехь ду цуьнах лаьцна. Цундела, кхоччуш цаьрга сурт, муьлхачу махкахь долу, хIотталахь тамаш хета цхьаболчу тергамхошна. Апаев Асланбека, ша а бакъонашларъярхо волчо, нах тешаш бац, милла а веъча шайн хьал хийцалур ду, элира, Маршо Радиога цу хьокъехь вистхуьлуш.

Апаев: «Нах царах теша а тешна къамел дийр ду аьлча, со ца теша. Нах кхерийна, охьатаIийна. Цхьаъ вала а мега дуьйцуш. Карор ду, массанхьа йолу коррупци, наркотикаш кисанна кхоссар. Массо а мехкашкахь тайп-тайпана баланаш бу. Дагестанехь «зачисткаш» ю. Вайн цIахь уьш еш яц. ГIалгIайн махкахь изза хьал ду. Тухий стаг воь. Нохчийчохь цхьа а ваьхьар вац цаьрга хIума ала, милла а вагIахь».

Массеран а тидам лаьттар бу, Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташо Нохчийчу еъча. Цу юккъера Каляпин Игорина дика девза махкара хьал. Цунна шена а, цуо куьйгалла дечу офисан а тIелатар дина Соьлжа-ГIалахь. Уьш тахана а теллина дац. Ши-кхо де хьалха республикан прокуратуралло, цунна торт а, баьццарниг а тохар теллина ца хилар лаьрра, низамехь доцу хIума санна. Нохчийчу и лараме кхеташонера бакъонашларъярхой кхаьчча, цаьрга, тахана нах, дийца а хIуттуш, арз дийриг ду, коммунала хьаштехь, къаьсттина газах ахча дIадоьхуш шайгахь хIоттийнарг, аьлла хета меттигерачу бакъонашларъярхочунна Апаев Асланбекан. Ткъа, кхин хаттарш, цул а лазаме дерш, айдан хIуттур бу аьлла ца моьтту шена, элира цуо.

Апаев: «Схьаоьцура вай, цIахь газ, ток а. Нехан цунах дIадала ахча дац. Иза дIадала, нахехь хилийта хIумма а деш дац кхузахь. Иза Москохара ала дезаш ма ду. Кхин хIума дийца хIоттахь, тамаш хета суна».

Къилбаседа Кавказехь долу хьал талла яхана Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташонан визитан хьалхара жамIаш дийцаре дийр ду таллам бинчу республикийн куьйгалхошца. Цул тIаьхьа, шаьш бинчу балхах артикал а хIоттийна, иза Оьрсийчоьнан президентан стоьла тIейуьллур ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG