ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан эскаро овхIанхойн тIалибаш байъина


13 тIалиб лаххара а вийна ОвхIанистанан къилбаседанехь, некъа тIехь кIело йинчу пачхьалкхан эскаро. Оршоьтадийнахь тIалибаш чохь боьлху 4 автобус сацийна хилла Кундуз провинцерчу Алиабад кIоштахь. 185 некъахо лаьцна кхобучу тIалибашца тIом болийна эскархоша.

Маршо Радионе меттигерчу даржхочо Акабари ХIайратуллахIа хаамбина, маьршачу нахах 13 стаг велла, аьлла. Ткъа меттигерчу бахархоша дийцарехь, 18 закъалтхо вийна.

ТIалибаша комментарий ца йина тIелатаран хьокъехь. И тайпа тIелетарш, нах лецарш кест-кеста дуьйлу тIалибашкара, къаьсттина алсамдевлла уьш Кундуз провинцехь.

XS
SM
MD
LG