ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эрмалойн геноцид" Германино къобалйойла ца лаьа Эрдоганна


Туркойн резабоцу дIахьедарш тергал а ца деш, Осмалойн империно эрмалошна тIехь геноцид латторах долу документ тIеэцаре кхайкхина немцойн парламент-бундестрат Эрмалойчоьнан президенто Саркисян Сержа. Ткъа Туркойчоьнан лидеро Эрдоган Реджепа аьлла, и сацам немцоша бахь, цара шина пачхьалкхан юкъаметтигашна зен дийр ду.

«Нийса хир дац, цхьана мехкан куьйгалхо и аш ца дича оьгIазвоьдура аьлла, эрмалошна геноцид яр аш бакъдахь", - аьлла немцойн Билд газетехь. 100 шо хьалха туркоша 1,5 миллион эрмало хIаллакварах болу сацам тIеэцар луьстур ду Германин депутаташа еарийдийнахь.

Туркой реза бац хIетахьлерчу бохамах «эрмалойн геноцид» аларна. Амма иштта олу Туркойчохь леллачух массех пачхьалкхехь. Махкахь 20-чу бIешеран юьххьехь лилхинчу къепедацаршкахь беллачаралахь бу бохучул а кIезиг бу эрмалой, бакъдац Осмалойн Iедал керстанаш Турокойчуьра хIаллакбархьама хьийзина бохург, чIагIдо туркоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG