ТIекхочийла долу линкаш


ТIаьххьара собар дайна, лазаме мохь бу ала мегар ду, ГIалгIайн махкара Мехкан-кхело дина дIахьедар. Жоьпалла а доцуш, нах байарна а, махкахь къепе ца хиларна арз а лара мегар ду боху оцу цхьанатохараллехь, Маршо Радионо хаттар делча. Кхоччуш, шайн собар дайна, акха жIаьлеш санна, тоьпаш а етташ, шайн махкахой бойуш бу, аьлла дийцира Мехкан-Кхелан декъашхочо Султыгов Сираждис.

Султыгов: «Оха дIахьедардар бахьана ду, кхел а йоцуш нах байар. МалгIбекан кIоштехь CагIопшехь вийна Галаев фамили йолу жима стаг. Машен тояйта станци ваханчу хенахь, дехьа-сехьа охьа а лилхина, герз а диттина, вийна дIабахна. Альт-юртара ву вийна ши ваша. Кешнийн керт еш и шиъ волчу хенахь, тIе а баьхкина, герз тоьхна цхьаъ вийна. Шен ваша вийна гича, важа тIеведча, иза а герз тоьхна вийна. Церан йишин кIант дIавигна цигара. МестоевгIеран ши ваша а машенца схьавогIуш, саца а вой, герз тухий, воьй дIабахна. Цхьана коьртана тIехула машен а яьккхина цара».

ГIалгIайн мохк Оьрсийчоьнан низаман гуранна чуьра а баьккхина, низамхоша а, Iедалша а, шайна луург лелош ду аьлла хета Мехка-Кхелан декъашхочунна Султыгов Сираждина. Стаг вуьйчул, иза дIа а лаьцна, цуьнан хьокъехь таллам а бина, цунна догIуш долу таIзар дан мегаш дац, бохуш кхин дIа а дийцира цо.

Султыгов: «Оха байинчеран бехк бу, я бац а ца боху. Бехк белахь, кхел а яй, хан тоха. Тхо оцу хIуманна духьал ду. Дукхачу нахана халонга даьлла и зуламаш. ГIалгIайн мохк Оьрсийчоьнан низаман кIелара баьккхина. Иза иштта дацхьара, и хIуманаш хир дацара».

Иштта нах бойурш билггал муьлш бу хууш дац шайна, амма, бух а болуш, цхьацца шеконаш кхоллаелла юкъараллехь, аьлла билгалдаьккхира ГIалгIайн Мехкан-Кхелан декъашхочо Султыгов Сираждис.

Султыгов: «Муьлхха а хIума хилча ФСБ ю олу. Оха толлур ду иза. Шаьш нах бойучу хенахь, цара визиткаш а ца гойту, я белхан кехаташ а ца гойту. Тхо тIаьхьакхиа хьовсур ду цунна».

ГIалгIайн Мехкан-Кхелан кхайкхамна тIетайна Интернетера социал машанехь а. Йолийна флешмоб. «Тхо ма дайиша» аьлла тIехь язйина кехат карахь а долуш, цхьаболчу наха шайн суьрташ гIарадоху. Кху деношкахь, ГIалгIайн махка кхача безачу Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхой бахкаре хьоьжу гIалгIайн юккъараллехь. Цаьрга арз дича мукъна а соцур яцара техьа, и Iожаллийн конвейер бохуш сатуьйсу цара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG