ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаккхара таIзар кхайкхийна Таджикистанан бахархошна


Таджикистано валлалц набахтехь латто кхайкхийна Ислам Дендаран партин ши лидер, ткъа кхечу цхьаболчу декъашхошна – яккхий хенаш. Еарийдийнахь Душенберчу кхело лаккхара таIзар кхайкхийнарг ву оцу партин куьйгалхочун ши гIовс – Хьусайни Сайдимар а, Хаит Мухьаммад а. Ткъа 11 декъашхочунна тоьхна 14-28 шераш.

Ши шо хан елла лецначаралахь цхьаъ бен йоцчу зудчунна, партин юристна Рахьмони Зурафона. Ислам Дендаран партин декъашхой бехкебина кхело, уьш махкахь тIеман министр лаьттинчу Назарзода Iабдухьалимца цхьана пачхьалкхехь карчам бан кечбелла хилла дахначу шеран гурахь, аьлла. НеIарш къевлина яхара кхел. Гергачара дийцарехь, массара ца эцна бехк тIе. Юьйцучу хенахь Назарзода коьртехь а волуш, полицин декъанна тIелатар дича велира 26 стаг, чIагIдо Iедало.

Назарзода вийра хIеттехь эскархоша. Ша Ислам Дендаран парти йихкина ю Таджикистанехь. Дозанал арахьа тховкIелонехь вехачу Партин лидеро Кабири Мухьиддина бехказа боху кхел йина шен накъостий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG