ТIекхочийла долу линкаш

Украинан парламенто кхочуш йина пачхьалкхана махкарчу коррупцица къийса оьшу реформаш, Малхбаленна ма-хьеххара. Кхелан коьрте нах хIиттор цхьана тобан карахь хилар а доьхку, кхелан белхахочунна шен меттигах пайдаэца некъ а боьхку тIеэцначу низамаша.

Дуьненаюкъарчу валютан фондо 17, 5 миллиард финансашца гIо дийр ду, нагахь санна Украино кхелашкахь кхаьънаш эцарна духьалонаш хIиттаяхь, аьлла дара Малхбалено дина тIедахкарш. Реформа чекхйоккхуш конституцица бан беза хийцамаш бина Украинан Лакхарчу Радано. «Кхелан реформа чекхъяккхар санна деза хIума данне а дац», - элира президенто Порошенкос хийцамийн хьокъехь. Керла кеп кхел хоржуш иштта хир ю: йозуш йоцчу тобано къастор бу кхелахой церан профиссионализме а хьовсуш, политикан хьажамаш а ца лоьруш.

Порошенкос бохура, таханлерачу кхелан белхахойх 40 процент мегаш вац оьздангалла яцарца доьзна даржашкахь хила тарлуш.

XS
SM
MD
LG