ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпин ца веза Нохчийчуьрчу Iедална


Оьрсийчоь -- Каляпин Игор
Оьрсийчоь -- Каляпин Игор


Шина кIиранал сов яхлур йолуш яра Адамийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан кхеташо Къилбаседа Кавказе визит. ХIинца схьагарехь шина денна кхин а яцлур ю иза церан. Iалашонехь дара, регионера хIора махкахь шишша де а доккхуш, талламаш бар. Амма Дагестан чекхяьллачул тIаьхьа Нохчийчоь яра. Кхузахь уьш, совца а ца совцуш, ГIалгIайн махка дIакхаьчна. Еарийн дийнахь Iуьйранна дуьйна талламаш дIахьош бу оцу комиссина юкъара декъашхой. Царах цхьаммо-«Къизаллашна дуьхьал комитетан» куьйгалхочо Каляпин Игора Маршо Радиога дийцира шаьш кху тIаьххьарчу шина дийнахь дIабаьхьанчу балхах.

Каляпин: «ТIаьхьарчу шина дийнахь тхо болх беш дара Дагестанера Кизил-юртахь а, Хасу-Юртахь а. Оха талламаш бира ханна нах чохь бахкочу изоляторшкахь а, талламан изоляторшкахь а. Иштта, оха Хасу-Юртахь горгачу стоьла хьалха дийцаре дира динан паргIатонех лаьцна а. Тхо тахана Iуьйрана дуьйна болх беш ду ГIалгIайн махкахь. ХIинца, кху сохьта тхо хьовсуш дара Карабулакера ханна чохь нах латточу изоляторехь. Кхин дIа а гIур ду тхо-Джейрахан кIошта. Нохчийчоьнах аьлча, суна хаарехь, Рамзан Ахматовичина лиина дац, Оьрсийчоьнан президента хIора декъашхо мага а веш хIоттийначу кхеташонца цхьаьнакхета. Цунна, шена луучу агIор ган лаьа и кхеташо. Цо аьлла иштта кепехь оцу кхеташонна кхерамзалла ша лур яц аьлла. Кхеташоно иза тIеэцна кхерамтасар а, юьхьягор санна. Цундела, тхайн кхечу мехкашкахь шортта болх хиларх сацам бира оха. Схьагарехь, кхеташо санна оха цигахь болх бийр бац, хIора декъашхочунна цигахь иза боллушехь. Амма оха болх сацор бац цигахь беш болу. Кхеташонан куьйгалхочунна иштта кхерам тесна дела тхо цига ца дахна».

Нохчийчуьрчу Iедалша адамийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан комиссица цхьанакхетар бац, цу юкъахь Каляпин Игорь волу дела, аьлла баьржинчу хаамашна тIаьхьа кхиъ массийта баьржира. Лачкъош йоцу оьгIазло гора цхьана агIоран, вукхун цецъялар дара. Билггал хууш дац, амма, Москохарчу хаамийн гIирсаша даржийра, Оьрсийчоьнан президентан администрацера КъилбаСеда Кавказе яханчу комиссин коьртаца Федотов Михаилца телефонца къамел дина аьлла. Иза я даре а, я харц а ца до комиссин декъашхоша. Федотов Михаила, шу Нохчийчу а ца доьлхуш, республика куьйгалхочунца цхьаьна а ца кхеташ дIа хIунда дахна, аьлла хаьттича, аьллера: -Нохчийчохь чIогIа йочана яра: догIа, мох. Цундела тхо ГIалгIайн махка дIадахара,-аьлла. Цунах иштта элира бакъонашларъярхочо Каляпин Игоря.

Каляпин: «ХIенанхIоттамах аьлларг, суна хетарехь иза самукъане йоцу забар а, кхаьрдаш комментари ю. Ткъа вукха агIор аьлча, кху тIаьххьарчу шина дийнахь йиттина телефонех суна дийца ца лаьара. Соьга, масала, Оьрсийчоьнан президентан администрацера цхьаммо а телефон ца тоьхна, я соьца дийцарш а ца дина цхьаммо а. Цунах комментареш соьга хаьттича, Федотов Михаилера эцча нийса хир дара, хIунда аьлча и телефонаш етташ а, дийцарш деш верг иза вара».

Тахана хьалхара де ду адамийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан комисси болх беш йолу. Iуьйранна дуьйна, цара толлуш ю махкахь мел йолу талламан а, хан нах чубухку а изолятораш. Iедалан агIор цхьанна а тайпа новкъарлонаш яц, цундела, нах майра шайн-шайн баланаш бийца хIутту бохуш, Маршо Радиога дийцира «Машр» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллан куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада.

Муцольгов: «Схьаеана комисси, чохь бахкочу нехан хьал толлуш ю. Деш долу аьрзанаш лоьрийн дарбана а до, хи цIена ца хиларна а ю. Уьш коьрта аьрзанаш ду. Кхин а ду. Тахана, тхо муьлххачу а камера чу а дахана хьажа йиш йолуш ду. Тахана, Несар-ГIалана администрацехь, муьлхха а стаг, тIе а веана, шена луург хатта йиш йолуш ву».

Къилбседа Кавказехь шен болх чекхбаьлча, Ставрополь кIоштехь массо а республикийн куьйгалхошца цхьана а кхетта, гучубевла баланаш цаьрца буьйцура бу адамийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан кхеташо. Цига вогIур вуй ца хаьа Нохчийчоьнан куьйгалхо. Каляпин Игорь-м схьагарехь дакъалоцур долуш ву цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG