ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Сан деган акхаллехь ахь лехна инзаре къайле...


****

Сан деган акхаллехь ахь лехна инзаре къайле,
Хилла и сийначу хIорда чохь ша бина гIайре.
Хьох хийла къихкина аьрхачу сан синан цхьалла,
Хилла и курачу, оьздачу туркх-берзан цхьалла.

Хьо хиларх азаллин, абаден къайленаш евзаш,
Ясталур яц хьоьга сан деган къайле, дог Iовжош.
Хьо хиларх хьажарца ламанан шовданаш лекъош,
Ирсе хьо хир яц-кха, сан сица цхьалла а йоькъуш.

И кIорге, бух боцу, стигланийн басахь хьан бIаьргаш
Деса ду, гIайгIанан басахьчу стигланех кхаьрдаш,
Хьан бIаьргийн кIоргенехь лепачу седарчийн суйнаш
Шийла ду, хир доцуш сийлахьчу тешаман дуйнаш.

Ахь соьга кховдийна дог а ду безамах хьаьгна,
Амма сан акха дог шелделла, цкъа цхьаллехь даьгна,
Ткъа хIинца эрна ду, сан сица ахь маршо къийсар,
Беттасе хьоьстучу сан сих ахь дийр дац-кха йийсар.

Сан кийрахь безаман цIе лато ма леха дешнаш,
Долор ду вайшиннан сатийсамашна ас кешнаш,
Вай цхьана ца догIу — иштта бу вайн къиза кхоллам, —
ХIоттор бу вайшиннан безамна ас лекха хIоллам.

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG