ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аятолла луьйш ву Iамеркана


ГIажарийчоьнан Лаккхарчу лидеро Хаменаи Iела-аятоллас дIахьедина, ТехIеран яц шен коьртачу мостагIашца Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца а, «зуламан деца» Британица а гергарло лелон, аьлла.

Ша пIераскана динчу къамелехь цо бехкейира Iамерка, иза стохка зарратца доьзна ТехIерано бинчу бертан хьелаш лардеш яц, Штаташа «адамийн бакъонаш цаларъяр а, терроризм а» бехкейо, шен декхарш кхочуш цадархьама, бохура аятоллас.

ГIажарийчоьно заррат герз кхоллар а дуьтуш, дуьнено цунна тоьхна лаьтта экономикан санкцеш юха а оьцуш бу стохка бина барт. И тIеэцчхьана дуьйна кхиа йоьлла ГIажарийчоьнан Малхбаленца йохка-эцар. Амма юхаяхаза ю Iамерко цхьайолу санкцеш, масала, юьсуш ю санкцеш гIажаройн цхьайолчу банкашна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG