ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а ши нохчо ваха тарло Олимпиаде


Нью-Йорк
Нью-Йорк

Тахана Оьрсийчоьнан Греко-Роман охьатохарх латарехула чемпионат дIайолаелира Соьлжа-гIалахь. Ала догIу, цу спортехула дуьххьара дара чемпионат Нохчийчохь дIаяхьар. 66 кийла дегIан йозаллехь леташ волу Албиев Ислам- Бек тахана кхечира финале. Финалехь Артём Сурковца хьалхара меттиг къовсар сиха дирзира: шина минотехь ца янелира Ислам-Бекана дуьхьало Артёме – 8:0 жамI долуш толам баьккхира нохчийн атлето.

Иштта совгIатийн меттигаш къовсуш бара 75 кийла йозаллехула латархой а. Цу категорехь финале кхаьччарг ши нохчо вара – Лабазанов Чингиз а, Магамадов Ильяс. Боккъал дерра летта цу шинах эххар а каелира Ильясан - 5:3 жамI долуш, хала-атта а туьлира иза.

Билгалдаккха деза Соьлжа – ГIаларчу чемпионато къасто тарло Бразилехь дакъалоцур болу латархой. Цундела, тахана нохчийн атлеташа баьккхинчу толамийн мах вуно лекхара бара. Кхин а шина дийнахь лаьттар ю Соьлжа-гIалахь дIахьун чемпионат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG