ТIекхочийла долу линкаш

Боксан легендан дахаран некъ хеди


МухIаммад Iалин Форман Джонана дуьхьал латар, 1970 -чу шеран гезгмашин-беттан 30-гIа де

МухIаммад Iалин Форман Джонана дуьхьал латар, 1970 -чу шеран гезгмашин-беттан 30-гIа де

Уггар бевзаш хиллачу спортсменех а, дуьненан чемпион а хилла волчу МухIаммад Iалин дахаран некъ хеди пIераскан дийнахь Аризонерчу Финикс гIаларчу дарбанан цIийнахь. Цуьнан 74 шо дара.

Пехийн цIаьххьана гучудаьлла лазар чолхе а дирзина, велира МухIаммад Iали. Хууш ма-хиллара, иза Паркинсон цамгаро хийзош волу дуккха а хан яра.

Дуьнена чуваьлча, Кассиус Маркеллуш Клей яра МухIаммад Iалин цIе. Дуьххьара 1960-чу шарахь Римехь хиллачу Олимпиадехь баьккхинчу толамо гоьваьккхира МухIаммад Iали.

“Уггар Сийлахьверг” цIе тиллина хиллачу МухIаммад Iалих 1964-чу шарахь дуьненан толамхо хилира, Листон Сонни эша а вина. Эххар а, бокс дIатесира цо 1981-чу шарахь. Ткъа цуьнан спортан кхолламехь 56 толам бара 61 хиллачу латарехь. ‘БIешеран спортсмен’ аьлла цIе тиллинера цунна ‘Sports Illustratedаted’ газето, изза сийлахь цIе цунна ‘БиБиС’ис тиллинера.

ПохIма долу боксёр хиларал сов МухIаммад Iалин ира хьекъал хилар билгалдолура цо шен ринган мостагIах лаьцна аьшнаш ен байташ йохуш, уьш ринг тIевале хьалха а, рингана тIехь летта ваьллачул тIаьхьа корматаллин актёро санна дIайоьшуш.

US boxing legend Muhammad Ali (2nd L) and wife Lonnie (L) along with US President Bill Clinton (2nd R) and friend and actor Jim Carrey (R) on stage, 19 November 2005, during the Grand Opening Gala for the Muhammad Ali Center at the Kentucky Center in Loui

US boxing legend Muhammad Ali (2nd L) and wife Lonnie (L) along with US President Bill Clinton (2nd R) and friend and actor Jim Carrey (R) on stage, 19 November 2005, during the Grand Opening Gala for the Muhammad Ali Center at the Kentucky Center in Loui

​Адамийн бакъонашларъярхо санна а гIараваьлла къонах вара МухIаммад Iали. Хьуна хьо адамийн иэсехь муха вуьсийла лаьа аьлла шега хаттар дича, иштта жоп делира Iалис: “Cайн нах цкъа а ца боьхкина стаг санна лаьа. Амма ас доьхург тIехсов дукха делахь, тIаккха дика боксёр санна. Со мел хаза вара аша ца аьлча а, дуьхьал хир вац со.”

Римехь Олимпиадехь толам баьккхинчул тIаьхьа, профессионалан боксёр хилира МухIаммад Iали. Рингана тIехь ткъес санна сиха куьйгаш хиларо а, дайа ловзуш когаша а, иракарахIиттабора цуьнга иза леташ хьовса баьхкина нах.

1964-чу шеран чиллан-баттахь боксан дуьне инзардаьккхира МухIаммад Iалис цкъа эшам бевзина ца хилла Листон, эша а вина. МухIаммад Iалис Листон эшор ву бохург бакъ хеташ цхьа а вацара цу хенахь, амма 6-гIа раунд чекхъяьлча, Листон, зIугано ю йитташ санна, МухIаммад Iалис буйнаш диттина хилар бахьанехь, гIор дIа а даьлла, кхиндIа лата реза ца хилира. Лата лиънехьара а, латалур волчу хьолехь Листон воцийла бIаьрла гуш дара хьовсархошна а.

Бусалба дина тIе а эцна, ‘Исламан Къам’ тобанах дIакхийтира МухIаммад Iали. Цу тобан Iалашо Iаьржачу нехан социале, синкхетамца, таронца а долу хьелаш тодар яра.

1967-чу шарахь МухIаммад Iалис эскаре вахарна инкарло ярна, цуьнан дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра кхело. МухIаммад Iали реза ца хилира Вьетнамерчу тIаме ваха. Дезертир лерра волчу цуьнгара боксах лата лизенци а, дуьненан чемпионан цIе а дIаяьккхира. 1971-чу шарахь цунна дуьхьал иза дезертир ву аьлла кхело бина сацам юха а баьккхина, цунна боксах лата бакъо меттахIоттийра. Боксе юхавирзинчул тIаьхьа хилира боксан исторехь уггар сийлахь лорчех кхоъ латар.

Заздоккху-беттан 8-чу дийнахь дуьххьара эшийра МухIаммад Iали. ‘Кху бIешеран латар’ цIе тоьхначу цу матчехь Фрейзер Джос эшамах чам баккхийтира МухIаммад Iалига Нью-Йоркехь. 1974-шеран гIадужу-беттан 30-чу дийнахь Формана Джонана нокаут йина чемпионан дарж юхадерзийра Iалис. Заирехь хилла цу латаран цIе а яра буьрса – ‘Джунглера ГIовгIа’.

Фрейзер Джонгара чIир ийцира МухIаммад Iалис а 1975-чу шеран гIадужу-беттан 1-чу дийнахь Филлипинерчу Манилехь. ТIаьххьарчу 15-чу раундехь кхиндIа лата ца велла, ринга юккъе ца велира Фрейзер Джон. И латар цу шинан юкъахь хиллачех тIаьххьара латар дара.

Цул тIаьхьа кхин ялхозза а чемпионан дарж дIа ца луш, толамаш бехира МухIаммад Iалис. 1978-чу шарахь ша эшийна хилла Спинкс Леонигара а ийцира цо чIир.

Кхин а шинан эшаман Iовжаме чам бевзийра Iалин: 1980-чу шарахь Холмс Ларрис, ткъа 1981-чу шарахь Беркбик Треворо а эшийра Iали. Дукхачу бокс езархошна Iали цу хенахь боксера дIаваьлла хилла везара аьлла хетара: цунна дуьхьал летарш цул дуккха а къона бара.

МухIаммад Iали Меккахь

МухIаммад Iали Меккахь

Бокс йитинчул тIаьхьа Iалин могушалла галъелира: мотт тийсалуш къамел дора, наб ийзош санна хеталора цхьанхьа нахана хьалха къамел дечу хенахь. Цунна кхетта лазар Паркинсон дара. Цу цамгаро шена ницкъ бешшехь, къар ца луш, кху замане кхечира Iали, амма хIинца цу доьналлин стаган дахаран некъ хеди. Шеко йоцуш, миллионийн спортезаръхойн дегнаш чохь йоккха меттиг дIалаьцна хилла и турпал-стаг валар боккха бохам санна тIеэцна цара. Боксан дуьне серладоккхуш cхьалетта Iалин седа, дукхачу нехан дегнийн хорамбеш, дIабайи кху беттан Iаьржачу дийнахь. Делахь а, Iалис дуьйнена тIехь шех йитина сийлахь цIе, дукхачу наха ховха безамца дагалуьйцург хиларх цхьа а шеко яц. Ишта ду вайна массарна дукха везна хиллачу стаган дахаран жамI, цо дуьнена иэсехь шех йитина дагалацемийн лар а. Дала гечдойла цунна!

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG